ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цицигна дуьхьалбаьлла дахк санна...


Дипломатехь товш доцчу тIегIане а даьлла десташ ду Кремлнний, оьрсий садаIа а, гIишлош эца а марзбеллачу Черногоринний дов. Мехкан бахархой шена дуьхьал бохуш, питанаш туьйсуш хьийза шаьш долчохь Кремлан векалш, аьлла, дIахьедина оцу пачхьалкхан Iедалан дайша.

Цхьа бутт гергга хан ю Сербиний, Албаниний, Босниний юккъехь Iуьллучу Черногорин коьртачу шахьаран Подгорицин урамашка меттигерчу Iедална реза доцу эзарнаш адамаш дуьхьалонан акцешца арадуьйлу.

Цара кхайкхамаш бо Черногорин урхалла балхара дIа а аьлла, хенал хьалха парламенте харжамаш а бина, махкахь керла куьйгалла харжаре.

Меттигерчу бахархой резадацар и Балканийн ахгIайрена тIехь Iуьллуш йолчарех уггаре а кIеззиг нах беха пачхьалкхе НАТО тIеман альянсан декъаяха кечйаларца доьзна ду.

Аьлча, и меттигера нах ира-кара а хIиттош, уьш урамашка бохуш ерг Черногерчу куьйгаллин оппозицин баьччанаш бу. Кху беттан 16-чохь Чернорин я, вуьшта цунах олуш ма -хилара, Монтенегрон парламенто и мохк НАТО альянсан декъа яхар магош сацам тIеэцначул тIаьхьа, ткъа иштта Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президето Байден Джона шен Черногорин премьер-министраца Джуканович Милоца хиллачу къамелехь Вашингтоно и мохк Къилба-Атлантикан тIеман альянсан юккъеярех гIолоцур ду аьллачул тIаьхьа меттигерчу парламентана хьалха четарийн лагер а тоьхна, дуьхьалонан акци йолийра оппозицино.

Цара Iедале кхайкхам бира, хIара бутт бале цхьана юкъана хенан урхалла а кхоллий, Iедал цуьнга дIало, ца лахь, шаьш эзарнашкахь адамаш урамашках а доккхур ду, хенаца дозанаш тоьна йоцу дуьхьалоанн акци а йолор ю аьлла.

Шен рогIехь Черногорин премьер-минитсро Джуканович Милос дIахьедар дира, оппозицин акцешна а, цара лелочу къепедацаршна а тIехьа лаьтташ ерг Москох ю аьлла. Шен дешнашна тоьшаллийна цуо далийра Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло „оппозицин леламийн бахьана Черногорин куьйгалла сихонца НАТО юккъе яха гIертар ду“ аьлла дина долу дIахьедар.

„И дIахьедарш динчул тIаьхьа цхьа шеконаш ца йисина, Оьрсийчоьнан куьйгалла дуьхьалонан акйеш ечаран агIор хиларх“, - элира цуо меттигерчу Федерална газете. Цул билгалдаьккхира, Черногори а, йоллу Балканийн ахгIайренера пачхьалкхаш а НАТО декха ца яхийта гIерта Кремл аьлла.

Оьрсийчоьнан агIоно дацаре дина ша Черногорехь къепедацаршна декъа хилар. Цхьанна а тайпа тоьшаллаш дац Москох цигахь хуьлуш долчунна декъа хиларна аьлла дIахьедар зорбане даьккхина оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Ткъа буй-те Черногорин Iедалшна Оьрчийчуьра кхерам? Хууш ма-хиллара, тIаьхьарчу иттех шарахь оьрсашлахь уггаре а дукхаезачех садоIу меттиг хилла дIахIоьттина вуно хаза Iалам долу Черногори. Иштта дукха оьрсаша петарш а, гIишлонаш а эцна цигахь, визаний режим Оьрсийчоьнца ца хиларх а, Iер-дахар цигахь дорах хиларх а пайда а эцна.

ТIаккха тамаша а бац цу пачхьалкхан куьйгалла шайн махках рогIера ГIирма хиларх кхерар а, Оьрсийчоьно цигахь къепедацарш леладайтарх кхерар а.

Политолог Чапханов Русланна хетарехь, оьрсийн политика а, оьрсийн бизнес а Балканашкахь билгал интересаш йолуш елахь а, цигарчу хиламашна шайн ка ма доллу тIеIаткъамаш цара бан гIертахь а, амма ГIирмехь санна шога шена хетарг цигахь чекхдаккхалур дац Кремле.

Чапханов : „Цу пачхьалкхан куьйгалла а, цигара Iедалхой а уьш НАТО юккъе шайн мокх бига а, иза Евробертана юккъе бига а Iалашо йолуш бу, цу тIера уьш иштта атта бохалур а бац. Оьрсийчоьно шайн цу махкара бизнесхошкахула тIеIаткъам а беш там бу оппозицица белхаш бан, амма, масала, ГIирмехь санна шайна луург леладойтур дац цаьрга цигахь“.

Оьрсийчоьнал совнаха, Черногорехь Iедал карчар а, цигахь къепедацарш а хилла, оппозици Iедале яр а лууш лулара Серби а лору премьер-министро Джуканович Милос.

Цо кхаари дийнахь кхин цкъа а билгалдаьккхира, Оьрсийчоь, Серберчу националистийн хьежамаш болу ницкъаца цхаьна шен махкахь оппозици ира-кара хIиттош, питнаш лелош ю аьлла.

XS
SM
MD
LG