ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санкцех мукъайоккхуш ю Беларус


Европан Берто «дикачу агIор хийцамаш махкахь тергаллуш хилар» юьхьар а оьцуш, беа беттачохь юхайохур ю Беларусна тоьхна латтийна экономикан а, финансийн а санкцеш. Кху гурахь набахтешкара Беларусно шен политикан тутмакхаш арахецарца а, Европаца юкъаметтигаш тоярца бозу и сацам, аьлла ду ЕвроБертан дIахьедар.

170 белорусна схьабостур бу Европе а, цигарчу банкашка а бихкина некъаш. 14 компани а мукъайоккхур ю тоьхна лаьттинчу эмбаргох. Амма хийцам боцуш дуьсу Беларусна герз дохка цамагор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG