ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан эскарийн герзаш дIаIалашдинчу гIишлошкахь лелхийтарш хилла


Луганскна 100 чаккхарма юьстахарчу Сватово гIалахь Украинан эскарийн герзаш дIаIалашдинчу гIишлошкахь лелхийтарш нисдалар терроран тохарца дузу Киевехь. ТIеман министралло пIераскана дIахьедина, гIишлош лелха юьйлаелла арахьара чу герз тоьхча, аьлла.

Амма яьккхина яц куьгбехкечун цхьаьнан а цIе. Ткъа Луганскерчу сепаратистийн векало Дейнего Владислава дIахьедина, шайн агIо бехке яц хиллачу лелхаршна аьлла. 3500 тонн герзаш чохь латтош йолчу тIеман гIишлойх яьлла цIе. 2 маьрша вахархо велла, 4 лазийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG