ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайнехан шатайпа ономастика - цIекхабар


Нохчийчоь - Нохчийн Меттан Дийнахь, 24Оха2014, Соьлж-ГIала

Нохчаша шайлахь тохкучу цIерш вуно тамаше а, самукъане а хуьлу. Дуккха ю уьш, Iилманчийн тергоне ерзанза юьсу цIерш, аьлча а цекхабарш.

Шалха цIерш тахкарна тIера нохчех тера дуьненахь кхин къам хир ду ала хала а долуш,оццул тIера бу вайнах шолгIа цIерш тахкарна. Марвежарийн,маьрйийжарийн цIерш кхобуш,гIиллакх-Iадаташ лардеш,керла цIерш тохкуш дийнна цхьа «институт-пхьалгIа» схьайиллина заманан йохаллехь масала несарша: Хаза кIант, Жима кIант,Хаза йоI, Дашо буьртиг, ЧIаба,КIужал, Мекхаш Мирза,Эхьдоцург ишта кхин дIа а.

И цIе кхабаран ламаст дохадо ца до ур-аттал цу марехь берийн бераш а кхиъал баккхий хуьлуш къанбеллачу зударша а.КIезиг масалш дац, дукха хена дуьйна а дуьненахь боцуш болчу марде я марненан ларамаза цIе яьккхина зуда «хьажахь цIе яккхийти-кх соьга цуьнан» бохуш холча хIуьттуш.

Дукха хьолахь шен хIусамненан цIе ца йоккху цIийндас,ишта зудчо а ца йоккху майрачун цIе. Цара нахалахь къамел деш «Кху чуьрчо»,Чуьрниг»,Хезий хьуна» бохуш до къамелаш.

Даьржина хIума ду нохчашлахь доттагIийн,хьешийн сий-лерамна цIерш тахкар а. Вайнахалахь шен берана ша цIе тиллар осала хIума лоруш цхьа Iедал ду,кху тIаьхьарчу хенахь кхин дIоггара лардеш дацахь а.

ЦIе тилларехь даима а хьалханча деда,денана,деваша,дейиша я кхин юххера гергара стаг хилла нохчийн. Цу декъехь цIерш шалха йийлар кху кепара а нисло. ДуьнентIе ваьллачу кIантана я йоIана, шен доттагIчуьнан я гергарчун цIе тилла леринехь дас и цIе берана луш долчу метрика-паспорт тIе дIаязйойту.

И кIант воккха а хилла, ишколе я балха вахана нахана юкъаваллалц, йоккхуш ерг дедас тиллина цIе хуьлу. Цу стагца ишта чIагIлой юьсу ши цIе: балха тIехь цхьаъ,гергарчарлахь кхин.

Доцца аьлча, цIерш тахкар,схьайовлар,церан бух-орам Iамочу,»ономастика» олучу Iилманан дайшна чот йоцуш дукха бан болх бу Нохчийчохь.

Шакъаьстина ала догIуш кхин цхьа дакъа а ду шалха цIерш тахкарехь нохчашлахь чIогIа даьржина. Хьо ахкаме ваьлча наггахь бен стаг ца караво чохь,лула-кулахь, беза-бевзачара йоккхуш шолгIа цIе йоцуш.

Цу декъехь шуьйра яьржина ю,аьзнийн декар хьан цIарца тера а детталуш, техкина цIерш: Масала: Зараъ-Дадаъ, Якъуб-Йои, Анас-Ани, Хьусайн-Найна, Халисат-Хатти, Сарсар-Тата, ШаIран-НаIа ишта кхин а,кхин а.

Цкъадолчунна ишта цIерш кхета хала дац.Амма царал дукха елахь бен кIезиг йоцуш цIерш ю вайнахалахь лелаш,ахь муххха юьстича а,гIотийча а бакъйолчу цIарца тера етталуш цхьа хьаса-билгало йоцуш. Масала Новрди-ДатIу,Руслан-ВатIи,Султан-Вава, Мовлад-Барга,Ахьмад-Уси, Луиза-Гуру,Милана-Гугу ишта кх. дIа а.

Шаьш хIун дуьйцу а хууш, цу гIуллакхана охIла болчу говзанчаша даре дарца нохчийн лингвистикехь,цкъачунна цхьа тIехула доцург, кхин кIорггера таллаза дисина лаьттачу дакъойх цхьаъ ду шалха цIерш лелор а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG