ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера тIеIаткъам беш бу гIалгIайн бакъонашларъярхочунна


ГIалгIайн бакъонашларъярхо Муцольгов Мохьмад, къера хила дагахь вац, Iедалан цIарах лелочу харцонна
ГIалгIайн бакъонашларъярхо Муцольгов Мохьмад, къера хила дагахь вац, Iедалан цIарах лелочу харцонна

ХIинца, шен цIахь бина болу талламаш, кхин цхьа а бахьан долуш бац, шен а, ша куьйгалла дечу цхьанатохараллийн, махкахь долчу хьолан хьежам Iедалчуьнца цхьанабогIуш ца хилар ду аьлла хета Муцольгов Мохьмадан. Бакъонашларъярхойн болх сацабе шега,юхьдуьхьала дIа аьлла дара боху цо.

Муцольгов: «Сан цIахь, бакъонехь йоцуш цхьа а хIума хилла яц. Ас беш болу болх, нахана гIо деш, церан бакъонаш ларъеш, бу. Соьга мехкан дас, журналистийн а, бакъонашларъярхочуьнна а болх сацабе аьлла дара.

-Сацабе, ас чувуллура ву хьо,-аьллера цо".

Маршо Радио: «Хьоьга, хьайга аьллера иза?».

Муцольгов: «Соьга сайга аьллера. Сан ваша, «Яблок» партийн меттигерачу декъана коьртехь ву. И парти а схьало бохура. Парти а лура яц, болх а сацабийра бац, аьлча, ша чувуллура ву со элира».

ДIадаханчу кIирнахь Муцольгов Мохьмадан цIахь бина болу таллам доьххьара бина бац. Цул хьалха а, шортта теллина цуьнан болх а, уьйранаш а. Кхеле а кхаьчнера цуьнан гIуллакх, амма, хIоразза, мIара дIатасаяьллал хIума доцун дела, и гIуллакхаш доладалле, хаьрцара. Цундела, хIинцалера талламаш, рогIера бу аьлла хета цунна шена.

Муцольгов: «2005 шарахь, кхоьллина ю тхан цхьанатохаралла. 2007 шарахь, юхарегистраци йо аьлла I0 уза таллам бира тхуна. 20II шарахь а юстицийн министралло а бина таллам. 20I3 шарахь-4 уза теллина тхо, прокуратура а, йолан инспекци а йолуш. 4 дийнахь Iийра уьш. Цкъа а, тхоьгара гIалаташ даьлла ца карийна царна. Кху шарахь, юстицийн министралло юха а таллам бира тхуна. Тхайгахь мел долу кехаташ дIаделира оха. Доцург а язъеш, Iаьшпаш а буьттуш бира цара иза».

Бакъонашларъярхочуьнна Муцольгов Мохьмадан цIера, хIинца таллам беш дIаяхьна, мел йолу компьютер а, берийн ловзуш йолу планшеташ а, доьзалийн а, гергарчеран суьрташ а, белхан мел йолу документаци а. Иштта дIабаьккхина «кхерам хиларна сигнал луш болу гIирс а». И нуьйда тайпа хIума цунна еллера европерачу бакъонашларъярхоша «Эстемирова Наташийн сийна» лерина цара дIахьочу проектан барамехь.

Муцольгов Мохьмадан тIехь, иштта кхерам хилар, къаьстича, цунна оьшучохь гIодан а, цхьанахилар хаийта а, эзарнашкахь нах баьхкина цуьнан неIарга. Цхьаболчара, ара а доьвла, доьхьалонан акцеш ян езаш аьлла, амма, оцу хIуманна цкъачуьнна доьхьала ву бакъонашларъярхо. ТIаккха а, шена доьхьала баьллачу агIонна ницкъ мел барам болуш бу, диц а ца до цо.

Муцольгов: «Оьшшучуохь митинге арадоьвра ду боху наха. Масийта шарахь суна тIеIаткъам бан гIерташ, бух боццушехь доьхьала гIуллакх доло гIерта Iедалша. Евкуровс ша схьабогIу, «ша ву низамехь верг. Шен доьхьала мел верг, низамехь вац»,- аьлла. Цо иштта схьабогIуш ду иза. Цуьнан ойла муха ю: со мехка куьйгалхо ву, инарла ву, Оьрсийчоьнан турпалхо ву, сох тешара бу, хьоьх тешара бац- хьо могIарера бакъонашларъярхо ву. Ас хьоьга болх бойтура бац. Цара, Iедалан гIуллакхаш, шай дола дерзийна. Иштта мегаш ма дац. Вай Конституци ю, низамаш а ду. Уьш хIоттийнарг со вац. Уьшь леладе боху ас. Тешнабехк ма лелабе, иза лелочарна таIзар ден боху ас».

Бакъонашларъярхошна Iаткъам бечу хенахь, церан аьтто ца болу, кхоччуш, шай болх дIабахь. Масала, тахана, гIо-накъосталла оьшуш ю меттигера яхархо Чемурзиева Лейлаъ. Иза, масех де хьалха, Несар-гIалахь тIемалошна доьхьала леррина операци дIахьочу хенахь, герз а кхетта чов йина лазийна дарбан хIусамехь ю. Оршотдийнахь, цуьнан адвоката Гандаур-Эги Мохьмада, арз дина, цунна ницкъ бина аьлла. Маршо радиога иштта дийцира цо.

Гандаур-Эги: «5-чу дийнахь талламхочуьнца цунна тIевахнера со. Лазийначу шолгIачу дийнахь. Иза йолчу а веана, шина белхахочо, чов йина йолу меттиган, шай карахь долу герз тIе а теIош, бат куьйгаца дIа а къоьвлина, вийначу оцу шинца хьо хилла ала бохуш, таIзар динера цунна. Цо ша схьадийцина соьга иза».

Цкъачуьнна, я прокуратуро, я кхечу тIехьожучу хьукматаша тергоне оьцуш дац, деш долу арз, иза ца дича и бала боцуш санна. Амма, оцу махкахь а, луларчу кхечу мехкашкахь а, Къилбаседа Кавказехь а, адамийн бакъонашца долу хьал, да воккхавийра воцуш дуйла, гуш дацахь а, дикка хууш ду нахана а, бакъонашларъярхошна а.

XS
SM
MD
LG