Дуьненан ШолгIачу тIамехь толам баьккхина 70 шо кхачаран хьомара Оьрсийчохь кхайкхиначу амнистино кхелаша динчу таIзарех мукъаваьккхина 709 стаг. Терахь довзийтинарг ю Нохчийчоьнан прокуратура. Цо бахарехь, 650 царех арахь мукъа а вуьсуш бехкевина вара кхелаша. Ткъа набахтера араваьккхинарг ву 70 гергга.
Иттаннаш эзарнаш нохчий бу тахана Оьрсийчоьнан набахтешкахь тIемашца доьзна зуламаш дарна бехкебина. Царех ца вахна амнисти буха стагга.
Дела реза хуьлда х1ара г1уллакх дечарна.