Лам тIехь лаьтташ вара Шемал, доIанаш дора цо Деле, халкъана паргIато йоьхуш, сужуд деш.
ТIаьхьар-алар:
ХIорстоъ-хIорстоъ, сох ма кхера хьо, ас пIелг Iуттур бац хьох, са ма гатде.
Йоккхачу базарахь дуккха а нохчий бу,
ГIазкхийн йоI хаза ю, дIасадовла цуьнан новкъара.
ХIорстоъ-хIорстоъ...
Къона нохчочо херси эцна, некъан бохалла обанаш баьхна цо цунна, и йоI ю моьттуш.
ХIорстоъ-хIорстоъ...
Къона нохчо Iома чохь лийчина, куьг-ког кагдина, хеча йоцуш висина.
ХIорстоъ-хIорстоъ...
Нохчо къона ву, цуьнан шаьлта цIена ю,
Хье – боккха бу цуьнан.
Х1ара йиша локхуш ерг, г1алг1азкхийн кегийрхойн тоба ю. Дукха хан йоцуш иза, социала машанехь г1араяьлла. Ширчу мукъаманна керла дешнаш а даьхна локхуш ю иза цара. Корт а, куьйгаш а, Хача а яькхийначу нохчех а, цуьнах ца вешаш, т1е а хоьттина воьлучу, сий долу-къонах г1алг1азкхи ву бохуш ду цуьнан чулацамехь.
Цхьана йоккхачу сцени т1ехь ю и тоба йиша локхуш. Шай концертан духар а, мелла а хореографи а йолуш, хелхарца кечйина ю номер. Массийта аг1орара видеокамершца яьккхина а ю. Оцу х1умано гойту, иза цхьана жимчу юьртара йишлакхархойн тоба цахилар. Иза, цхьана йоккхачу г1алара, схьагарехь Къилбаседа Кавказерачу цхьана махкара ю.
Йиша, эшар цуьнах, цхьанна а кепара олийла дац, х1унда аьлча, яьккхий шеконаш ю, цуьнан культуран мехаллах. Ладуг1учу, цхьаболчу г1алг1азкхийн догайдала мега цуьнах, амма, цуьнан т1аьхьалонаш муха хира ю ала х1уттура вац тхана цхьа а.
2-3 б1е шо хьалха, Кавказе схьа а баьхкина, бухарчу къаьмнийн духар а, г1иллакхаш а т1еэцначу г1алг1азкхийн, т1аьхьено, тахана нохчий сийсаз беш хилар сов, цкъа а хилла а доцучу х1уманех, цара дийцар, ч1ог1а цатайна дукхачу нахана. Фейсбук чохь и клип чуяьккхинчу дуьйна нохчаша а, дагестанхоша а, г1алг1аша а, кхечу кавказхоша а емал еш ю иза.
Хасимиков Сулбан, ша а автор ву цхьайолчу эшарийн. Йохьанца, шена цуьнах хетарг ч1ог1р буьрса элира цо. Амма, жимма хан яьлча, шена иштта ала лаьара аьлла, къамел дира цо.
Хасимиков: «И бераш даккхий хилча, кхетара бу уьш шаьш лелийнарг нийса доцийла. Кху роликехь цецбевла нах. Цхьана Нохчийчуьра а хилла 1аш бац. Лекхахьара цара шайна ма товв. Вай царелла лекха хила деза. Совета заманахь лахделлера и х1уманаш. Х1инца оцу националисташ корт айбина. 1едалан бехк бу аьлла хета суна, цу х1уманна терго цаяр. Берийн-м бехк а бац, церан куьйгалхойн бу бехк».
Г1алг1азкхийн оцу тобано локхучу йишийн мах хадийначу юристаш, хецца Оьрсийчоьнан талламан низамашца 282 артикалца-къаьмнашна юккъахь цабезам кхолларна, аьлла жоьпе уозо дог1уш ду аьлла хета.
И йиша х1инца лекхина г1араяьккхар, Хасимиков Сулбанна хетарехь, леррина дина х1ума ду, нохчаша т1е муха оьцу хьажа. Цунна цхьана аг1ора терго ца яхь, кхана-лама, кхин а доьхнарг дийра ду, элира цо.
Хасимиков: «Дукха дийцина и х1уманаш. Цхьаъ даьлча «кавказера вахархо» олу. Ткъа, цхьана Олимпиадехь цхьа хьалхара меттиг яьккхича, вай оьрси ву олу. Вайна хууш ма ду и х1уманаш. Официала кехаташ дахьийта деза арз деш. Кесст-кесста, х1ун хуьлуш ду цуьнах олий хатта а хоттуш. И клип иштта йитахь, кхана-лама, цулла а доьхнарг дийра ду».
Нохчийн исторехь, къомо бина т1емаш цуьнан махкахь хилла. Изза г1алг1азкхаша, Ермолован заманахь дуьйна, дерриге а къам вахьта1о г1ерташ, ехха хан яьккхина. Тахана а, куьйгаш кавказхойн ц1ийлахь долу и чалтач коьрта турплахо ву пачхьалкхан Къилбехьа бехачу оьрсийн. Ца кхета, нохчашка и к1оргера болу цабезам х1унда латтош а, 1алашбеш бу цара. Цуьнах дуьйцу историйн хьехархо волчу Хаджимурадов Увайсс.
Хаджимурадов: «Г1алг1азкхаша локхуш йолу «частушкаш» интернет чохь дукха ю. Х1инца цец х1унда девла-м ца хаьа суна. Иштта, суна ца хаьа, х1ун деш ю прокуратура а, талламан комитет а. Г1алг1азкхаша, шаьш даздарш д1ахьочу хенахь, локхуш ю уьш. Нохчашкара цхьа а во болх ца гина г1алг1азкхашна. Ткъа, цара вай ц1ий 1енийна, вай яььрташ а ягийна.
Т1аккха, нохчий сийсаза беш локхуш эшарш а ю. Царна юккъахь цхьаъ ваьлла а, вала везаш вацара, уьш вай лулахой бу, олуш. Вай къам дохийначу хенахь цара х1ун дира? Вай кешнашкара чарташ некъаш дан схьадехира. Ткъа, вай, церан кешнаш тахана а ц1ан а деш латтош ду. Цу т1ехь гуш ду-кх террорист мила ву».
Журналистан Мишиева Асян, и г1алг1азкхийн йиша доьххьара ладог1а йолаелча, хазахеттера, амма, доьххьара дешнаш ма хезнехь, цо 1аткъам бина, дерриге а дийнахь лийлира ша боху цо. Иза боккъула а ца кхета, бахьан доцуш болу и цабезам х1унда латтош бу цара шай дегнашкахь.
Мишиева: «Доьххьара оцу эшаре ладог1а йоьлча, суна хазахийтира, хаза мукъам бу аьлла. Дешнаш хезча, дог тохаделира сан. Нохчий сийсаза беш, ч1ог1а чам боцуш, лакха а эхь долуш эшар яра иза. Суна, ч1ог1а дагах кхетта суна иза. Сайн белхан накъосташна со йоьлхуш ца гайта г1иртира со. Иза хьан дина а хьажна талла деза иза. Хаза дац иза».
Дерриге а къоман дахар харцийначу Нохчийчуьрчу шинна а т1амехь иттанаш эзар маьрша нах белла. Юха а т1ом ночхаша шай ц1ахь бинера. Мел ч1ог1а а и т1а1еткъам болшехь, я нохчийн фольклорехь а, я х1инца а ца хилла, оьрсий а, кхидолу къаьмнаш а сийсазадеш эшарш, бохуш кхин д1а а дуьйцу Мишиева Асяс.
Мишиева: «Нохчашна а, оьрсишна а юккъахь дуккха а чолхенаш хилла., т1ом а хилла. Нохчаша г1азкхашна яьккхина иштта эшар ца гина суна. Вай деш долу хелхарш а ду царна новкъа. И эшар яьккхинчуьнна а, лакхийтинчуьнна а эхь ду-кх иза. Уьш муьлш бу а хаьжна, талла деза иза. Уггаре а халахеташ дерг ду, иштта х1ума хилча, лерг та11ийна 1аш хилар. Иза дитахь, вайна кхиъ эхь т1едог1ура ду аьлла хета-кх суна».
Парсанова Таиса йишлакхархо ю. Нохчийн Анна Герман а олу цуьнах. Махкахь дикка евзаш ю иза. Цуьнан репертуарехь шортта эшарш ю, оьрсийн маттахь г1алг1азкхех а, къаьмнийн доттаг1аллех а лаьцна. Шен кхоллараллехь, и мехаллаш хестийначу цуьнна гуттара а х1орам хилла оцу клипе хьажча.
Парсанова: «Тхо кху к1оштехь деха дукха хан ю. И х1ума, къоманна юккъахь дов даккха лелош ду аьлла хета суна. Иза балхара д1аваккха веза. Ладог1а а хаза яц и эшар. Хала хийти суна иза. Вай цабезаш а дукха хира бу. Хьаг1 йолуш а дуккха а бу. Дала царна а хьекъал лойла».
Нохчийчохь г1алг1азкхий Науран а, Шелковскийн а шина к1оштехь беха. Бухахь долчу къоман г1иллакхаш схьа а эцна, цаьрца д1а а ийна бу уьш, шай ламасташ диц а ца деш. Мокроусов Владислав а ву царах. Иза шен вешийца, г1алг1азкхийн эшарийн тобанна юккъахь ву. Нохчий сийсаз бог1уш эшар лекхина берш муьлша бу а къастийна, царна та1зар дан деза, аьлла хета цунна.
Мокроусов: «Цкъа а хилла дац ишттаниг. Со Наурера ц1енна г1алг1азкхи ву. Ша верриг доттаг1алла лелош ву кхузахь. Цхьаммо а ловра дац и санна долу х1ума. Кхузахь чекхдолуьйтура а дац иза. Суна, ч1ог1а халахетта и клип йина. Хаа лаьара суна иза х1унда йина. И санна болу нах жоьпе уозо беза, аьлла хета суна.
Тхан регионехь къаьмнашна юккъаъхь цабезаман бух т1ехь доьвнаш дац. Ша верриг доттаг1аллехь вехаш ву. Хьошалг1а лела, муьлхачу къомах валахь а, даздарш а цхьана д1ахьо оха. Оцу х1уманах воккхаве со. Сан шича а ву нохчи. Цуьнах, къаьстина воккхавеш ву со. Совехачу регионехь яц и конфликт. Цундела, суна хетарехь, оцу нахана жоьпалла дог1у»
Цуьнан жимах волчу вашас, Мокроусов Станислава, дуьйцу, дайша а цкъа а 1амийна дац шаьш нохчашца г1оьртина хила деза бохуш. Мелхо а, доттаг1ий хила баьхна шайга, элира цо.
Мокроусов: «Суна, цкъа а ца хезна сайн дайшкара, иштта къонахошна юккъахь девнаш дийлина аьлла. Мелхо а, кунакалла-хьошалла лелийна цара. Забаренна а ца олура, цхьаммо цхьанна урс тоьхна, ян кхидерг дина. Ша мел аьллачуьнна а, динчуьнна а, жоп дала дезан дела. Оха цхьана чайнаш муьйлу, зуда ялийначохь а цхьанакхета. Суна хетарехь, и эшарш язйинчарна, дов даккха лууш ду къаьмнашна юккъахь».
Тахана ала хала ду, нохчийн сийсаза беш, маьттаза а гойтуш, г1алг1азкхийн тобано лекхинчу оцу йишанна муха жоп лура ду, махкахь долчу 1едалша а, низамаш лардан т1ехоттийначу урхаллаша а. Иштта хьал х1оьттича, дагадог1у цхьа дийцар. Дог-1аьржа волчу цхьана стага, бахьана а доцуш шена ца везачу стеган кевна хьалхахь, боьхалахь доьттина ведар х1оттийна. Вукхо, меллаша иза дас а дина, ц1енна дила а дилина, шен кертарчу бешара уггаре а хаза а даккхий а 1ежех доьттина юхадаьхна цунна. К1ант хаьттина, хьуна цо боьхалла еънера, ткъа, ахь 1ежаш делла, диканаш харжа а хоржуш, аьлла.- Х1умма а дац, х1орамме, шегахь совъяьлларг луш ма хуьлу,-аьлла жоп делла дас цецваьллачу к1анте.