ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. Нохчийн баллада



Бисултанов Апти

Нохчийн баллада

Ваа сарахь суьйренца,
бузучу малхаца
кIайн нускал ва санна
шен гила кечбина,
ша аравелира,
ша ааравелира
шаа аравелира сий долу кьонаха.
- Воо стенга воьду хьо?
ХIун дайна лела хьо,
Доладан да воцуш,
Хьайн хIусам йитина,
Метта-мотт бовзанза,
КIайн нускал дитина,
Воо стенга воьду хьо,
ХIун дайна лела хьо?
И ненан шийла мохь ца хезаш биссира,
Лаьтта тIе шайн рожехь маликаш диссира
- МостагIчо мохк боккхуш
Топ кхоссал ца хилларш
Лоллин синкъерамехь
Тхьамдалла хуьйшучохь
ХIурлаIа мехкаршца
Дала мах биначу
Къонахийн мах хедо
Хабарчаш хуьйшучохь
ХIусамах Iебийла
ХIусаман меха верг
Нускалах Iебийла
Нускалан мега верг
Маршонах кIайн нускал
Дина верг Iебар вац
Мехкан да воцуш верг
ХIусаман да а вац
Батто гIум къегочу
цу Теркан тогIешкахь
сай бижа боьдучу
коканан коьллашкахь
мостагIийн жIаьлешца
мохк къовса воллу ша
шен докъах беза мах
бехийта воллу ша –
КIанта шен ойланаш некъе дIайийцира,
Терка чохь шайн цIийлахь седарчий лийчира…
Ваа сарахь суьйренца,
бузучу малхаца,
кIайн нускал ва санна
шен гила кечбина
ша аравелира
ша ааравелира
шаа аравелира сий долу кьонаха
2012

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG