Украинаца болу шен къовсам берзош некъ хьехна Оьрсийчоьно Туркойчуьрчу Жи-20 саммитехь. Журналисташна хьалха вистхуьлуш оршотдийнахь Оьрсийчоьнан финансийн министра Силуанов Антона элира, саммитехь шаьш и некъ хьехна Дуьненаюкъарчу валютан фондана.
Бакъду, некъ ма барра ца бовзийтина Силуановс. 15 миллиард доллар ахча Украинана когахIотта аьттонна дала кийча ю валютан фонд, арахьара инвесторш. Ткъа оцу юккъехула ду Оьрсийчоьно Украина шена 3 миллиард доллар газах ахча охьадилла декхаре а ю, ша и декхар кхин дехьатоьттур а дац боху официалехь.
Оцу хьокъехь вистхуьлуш Силуановс, аьттехьа а маьIне дац и декхар дехьататтар Оьрсийчоьне деха, аьлла.