ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Асадна тIекарло латтор зуламе хета


Шемин президент Асад Башар даржера дIавала веза боху тIедахкарш Малхбузено юхаэца дезар ду, нагахь санна цунна «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашна дуьхьаллатта таро йоллуш дуьненан юкъаралла вовшахкхетийла лаахь, боху Оьрсийчоьнан куьйгалхоша.

И дIахьедар дина оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс. Цунна хетарехь, Малхбале кхета йоьлла Парижехь ДАIИШо терроран тохарш динчул тIаьхьа, ишттаниг бен кхин некъ боцийла, боху Лавровс.

Амма Европано а, Iамеркан Штаташа а хIинцале делла жоп. Шинарийдийнахь Пентагонан пресс-секретара Кук Питера зуламе ду элира Оьрсийчоьно Асадна тIекарло латтор, ткъа цо иза мел латтайо цуьнца юкъарло лелор хьехочохь а дац, бохура Кука.

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG