ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь лецначу нахалахь "Коммерсантан" корреспонденташ а хилла


Дагестанан шахьарахь ХIинжа-ГIаларчу шина маьждигехь пIераскана алссам нах лецна Iедалан ницкъаша, хаамбина адамийн бакъонаш тергонехь латточу «Мемориал» центро. Лецарш полицино ирх герзаш а детташ дIахьош хилла.

Венгрин бIахойн цIарахчу урамерчу маьждиге баьхкинарш лецарца дIайолийна хилла низамхоша опреаци. Котровн урамерчу маьждигера а бигина нах лецна. Бусулбанашна юкъанисбеллачуьра полице кхачийна хилла «Коммерсант» газетан корреспонденташ Туманов Григорий а, Коротаев Дмитрий а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG