ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIаьвше хила мега аьлла шеко йолу хIур карийна Брюсселерчу маьждигехь


Брюсселерчу коьртачу маьждигера нах сихонца арабаьхнера Еарин дийнахь полицино, цу чохь кIайн хIур болу кехатан тоьрмиг карийна аьлла. Цуьнах лаьцна хаам бина Рейтерс агенталло. Цо дийцарехь, цу хIуран уллехь нисвеллачу 11 стагана лоьраша гIо дина, нагахь иза дIовш хилахь а аьлла церан могашалла ларъян. Полици таллам дIахьош ю.

Жимма хьалхо Белгин Овла олучу гIалахь террорана дуьхьал хьажийна операци йолийна полицин ницкъаша. И гIала ю Францин дозанна 50 километр уллехь. Парижехь, 130 стаг а вуьйш, тIелатар динчул тIаьхьа керстан пачхьалкх олучу хIинццалц хезна йоцучу тобано кхерамаш теснера Белгерчу маьждигашна тIелатарш дийр ду шаьш аьлла.

Цхьаболчу хаамашца, Белгехь вехаш ву 500 эзар бусулба стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG