ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти: "Я АллахI, ДегIастанахь валар лолахь суна!" (2-гIа дакъа)


Поэт Бисултанов Апти
Поэт Бисултанов Апти

«Уьйрашна вицвелча, Далла а вицлой», стаг вар къематде хеттачу нохчийн поэтан Гадаев Мохьмад-Салахьан шен къаьхьачу кхолламца богIу вайн дуккхаъчу яздархойн кхолламаш. Царех цхьаберш даймахка ког лоза йиш йоцуш бу, вуьйш – Кремлана кIел мел бу шен даймохк, и ког лоза ша-шена дихкина беха.

Амма дерриг а нохчийн къомо ловш болу баланаш бу цара ловраш а. Ткъа ца диллина цара дог шайн беза-бевзарш кхин гур цахиларх, шайн кошабаьрзнаш даймахкахь хуьлийла дац бохучух.

Хьалха долийна къамел дIадахдеш, Маршо Радио зIене елира Нохчийчоьнца.

Мила ву шуна Бисултанов Апти, цуьнан байташ, геннахь веха иза виц-м ца велла шуна, аьлла.

Жоьпаш дац хIумма а поэт воха оьшучех!

Кавказан къаьмнийн ассамблеян лидер Кутаев Руслан, карарчу хенахь Нохчийчуьрчу Чернокозовохь набахти токхуш велахь а, ша велира тхоьца Бисултановх дош ала зIене.

ТIемаш бирзинчул тIаьхьа еана зама шатайпа ю нохчийн къомана.

Цхьана агIор мел-муха а гIертахь а, дикане гIерташ, меттахIуттуш бу мохк. Вукху агIор, цIийца хьандинчу лаьттатIехь лакъийна маршонаш - дешан, кхетаман, ойланийн.

Оцу хьолехь къаьсттина оьшу муьлххачу а адамна шайн тоьллачу нехан - политикийн, философийн, яздархойн - дош. Ца оьшу тIорказчу дилла, оьшу дахаран халонаш эшочу новкъахь дог токхе дан.

Амма мел тамаше делахь а, яккхий харцонаш лелачу Нохчийчохь наггахь а вац харцо Iорайоккхуш, семантIера шершинарг дIанисвеш шен дезачу дашца я яздархо а, я политик а.

Кху муьрехь цундела мехала ду Бисултанов Аптин къамел.

XS
SM
MD
LG