ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керланаш

Басманан кхелан сацамца реза бац адвокаташ

Оьрсийн политик, оппозицин хьалханча Немцов Борис верна шеко йолуш, набахтехь латточийн адвокаташа апелляци кхайкхийна Москохарчу Басманан кхело Чиллан-батте кхаччалц куьгбехкенаш чохь сацо бинчу сацамна.

Дадаев Зауран адвоката Цакаев Шамсудис РИА «Новости» агенталлехула хаийтина, «Басманан кхелан сацам низамашца богIуш бац», аьлла.

ДЕРРИГ КЕРЛАНАШ

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах велла 31 стаг. Ун даьлла кхин а 552 вахархочунна

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь 31 стаг велла коронавирусан уьнах. 552 дархо билгалваьккхина инфекцица. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла 25 стаг, Къилбаседа ХIирийчохь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, Ставрополан кIоштахь - цхьаъ. Кавказан регионашкахь верриг а COVID-19 инфекцех велла 437 пациент .

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь- 126:

Дагестанехь +126 (4 830 ву эпидемии яьржичхьана)
Ставрополан кIоштахь +84 (2 404)
Краснодаран махкахь+82 (3 744)
ГIебарта-Балкхаройчохь+77 (2 750)
Кхарачойн-Чергазийчохь+54 (1 005)
Къилбаседа ХIирийчохь+49 (2 907)
ГIалгIайчохь +44 (2 044)
Адыгейхь +19 (813)
Нохчийчохь +17 (1 209)

Къилбаседа Кавказехь верриг а 21 706 пациент ву коронавирусан инфекци хьакхаелла. Ткъа Оьрсийчохь, оперативан штабан дIахедарца, 396 575 стаг ву COVID-19 лазар токхуш.

ГIалгIайчохь батIалхьажошна юкъахь кхийсарш хилла

Иллюстративан сурт

Де хьалха ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштарчу уггар а ницкъе йолчу динан организацин декъашхошна юкъахь герзаш деттар нисделла, яздо "Кавказ.Реалиис".

"Болчу хаамашца, Сурхахи эвларчу бахархошна юкъахь дов иккхина динан буха тIехь. БатIалхьажойн кланера арабовла лаам хилла цхьаболчийн. Оцу тIехула эргIадбахначу тобанхоша герзаш а детташ, зуламе даьккхина дов", - дийцина "Интерфаксе" оцу хьолех хуучу метттигерчу вахархочо.

Масех стагана чевнаш йина, уьш дарбан хIусамашка бигина. Инцидент талла йолийна, герз кхийсина нах лоьхуш бу.

Барт болуш, шайн интересаш Iедална хьалха а, къоман ламасташкахула а ларъеш бу бохуш, репутаци ю ГIалгIайчуьрчу батIалхьажойн вежараллан. Билггал хууш дац, маса стаг ву оцу вовшахтохараллана юкъахь. Амма, дийцарехь, 5 эзар гергга республикера борша нах бу церан могIаршкахь.

Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла нах алсамбевлла

Коронавирусаца болчу нахана дарба ден Коммунаркера лазартне

Кхаа дийнахь лагIделла а лаьттина, хIинца шолгIа де а ду Оьрсийчохь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь кхуьуш долу, хааме даьккхина официалан статистикаца.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь пачхьалкхехь 8 952 стаг къаьстина COVID-19 вирус шеца хиларца. Дарба хилла 8 212 дархочунна. 181 стаг кхелхина.

Пачхьалкхехь эпидеми яьржичхьана ун даьллера, официалан зерашца, 396 575 вахархочунна. Таханалерачу дийнахь вирус токхуш ву 224 551 стаг. ГIоле хилла 167 469 пациентана. Кхелхина 4 555 вахархо.

Кадыровс ша могуш ву бахахь а, туркойн актераша "маршалла дойла" боху цуьнга

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

ВКонтактерчу шена пена тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина, туркойн гоьевллачу сериалашчуьра актераш шеца зIене а буьйлуш, маршалла хуьлда баьхна шега, довха дешнаш а олуш.

Туркойчохь а, цул арахьа а дика евзачу кинош чохь дакъалаьцначу артисташна Эмре Учтэпэ Мухьаммадна а , Озчивит Буракна, Сёнмез Нуреттина а, Ал Джелялна а баркалла аьлла Кадыровс, церан Марханаш къобал а деш.

Каладоккху, кху деношкахь прессехь тIечIагIъянза информаци яьржира, Кадыровна коронавирусан ун даьлла бохуш. Кадыровс бакъ ца дира, ша могуш вац бохург.

Нохчийчохь 42 пациентана дарба хилла COVID-19 вирусах

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Нохчийчохь коронавирусан уьнах дарба хилла 42 пациентана аьлла, дIахьедина республикан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Махкарчу хаамийн гIирсаша яздо цунах.

""ТIаьххьара пIераскан суьйранна хиллачу брифингехь дийцина министро, лоьраша ун толлуш ду 5 443 вахархочуьнца. COVID-19 вирус къаьстина кхин а 18 стагаца.

Эпидеми чуеачхьана 787 пациент дарбан хIусамашкара араваьккхина гIоле а хилла. Велла махкахь уьнах 13 стаг. Сулеймановс дIахьедина, 18 стаг чолхечу хьолехь хилар. Пехашка хIо кхачочу аппараташна тIетийисна бу уьш. Кислородан гIоьнца латтош ву 500 гергга дархо.

Соьлж-ГIалара юкъара транспорт йолаелла

Соьлж-ГIалара юкъара транспорт болхбан йолаелла. Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Нохчийчуьрчу транспортан министралло гIалин юкъарчу транспортан болх сацош бу, коронавирусан инфекци яржарца доьзна аьлла, дIахьедира. Карарчу беттан 18-чохь дуьйна цхьайолу юкъара транспорт юха а йолаелира. Ткъа Соьлж-ГIаларчу маршрутан таксин болх юкъахбаьккхира, пассажираша низамаш лардеш цахиларна. Беттан 27-чохь юха а магийра таксишна болх бан.

"Кавказский узел" агенталле транспортан министраллан векало дийцина: "Марха даста кечлучу заманчохь "Беркат" базара гIоьртинера массо а, дукха хьолахь, зударий бара уьш. Машенашна урхалла дечара низамаш ма дохаде бохушшехь, "Газель" олу машенаш дIаюзуш, дукхахберш масканаш йоцуш бара. Боккха кхерам тосура цара, инфекци яржарна. Цундела совцийнера. Ткъа хIинца юха а болх бан йолаелла юкъара транспорт. Коьртаниг, цара низамаш Iалашдар, салон 50 процентна бен юьзна а йоцуш лелор, пассажирашкахь масканаш а, дIасабаха бакъо лун кехат карахь хилар а ду", - аьлла, дийцина транспортан министраллан белхахочо.

Цо бахарехь, Соьлж-ГIалахь болх беш ю 64 микроавтобус, ткъа хIора кIоштахь йиъ-йиъ маршрутка ю. Цул совнах, гIалахь болхбан магийна таксомоторан шина паркана.

Нохчийчохь CОVID-19 ун даьлла 1 192 стаг ву, 787 дарба хилла, 13 велла. Зазадокху-баттера схьа дуьйна карантин ю юкъаяьккхина, цхьа бахьана доцуш аравала бакъо а йоцуш.

Нохчийчохь 100 шо долчу къаночунна дарба хилла коронавирусах

Коронавирусан ун даьлла лазартнехь дарба лелийна Хьалха Мартанара йоккха стаг гIоле а хилла, цIа яхийтина, яздо ТАСС агенталло. Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран министран инстаграмехь йоьдучу эфирехь дийцина цунах лаьцна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Лоьрашца къамел хиллера сан, маьIне дац боху цара воккха хилар а, жима хилар а, шен дегIаца кхин а сиркхонаш хилахь а, дарба хуьлу нахана боху цара. Хьалха Мартанара 100 шаре яьлла къано тоелла, дарбан цIийнера араяьккхина", - дIахьедина Кадыровс.

Цунна хетарехь, коронавирусаца къийсар карадирзина лоьрашна, чолхечу хьолехь берш а цхьана кIелхьарабоху цара.

"Вайн лоьраша 3-зза дог сецна стаг Iожаллин буйнара ваьккхина, тахана шен цIахь ву-кх иза. Вайн кIоштийн куьйгалхой а цхьана бу цомгаш, полицин пхи хьаькам ву могуш воцуш. Дика ду цара лазар шайн когаш тIехь текхна",- дийцина Кадыровс.

Нохчийчохь CОVID-19 ун даьлла 1 192 стаг ву, 787 дарба хилла, 13 велла. Зазадокху-баттера схьа дуьйна карантин ю юкъаяьккхина, цхьа бахьана доцуш аравала бакъо а йоцуш.

Хангошвили вер талларехь дакъа лаьцна дац Оьрсийчоьно аьлла Германин Iедалша

Хангошвили Зелимха

"Нохчийчохь тIемашкахь дакъалаьцна Хангошвили Зелимха Тиргартенехь вер талларехь дакъалаьцна дац Оьрсийчоьно", - дIахьедина Германин арахьарчу гIуллакхийн министраллан (МИД) векало Адебар Марияс, яздо "Интерфакс" агенталло.

Оцу зуламца доьзна, тарлой Берлино Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яха аьлла, шега деллачу хаттарна жоп делла Адебара.

"Инарла прокуратуран Тиргартенехь стаг верах талламбар хIинца а дерзанза ду, цундела хууш дац, муха йоьрзур ю процедура", - аьлла, жоп делла министраллан векало.

Де хьалха Германин МИД-о дIахьединера, Оьрсийчоьнан цхьаболчу векалшна дуьхьал керла санкцеш яха тарло, бундестагана кибератака ярна аьлла. Пачхьалкхан Iедалхоша Тиргартенехь динчу зуламан контекстехь къастош ду и гIуллакх. Хьалхо Оьрсийчоьнан векалтан ши белхахо махкахваьккхира Германино оцу тIехула.

Иштта Адебара билгалдаьккхира, кху беттан 29-чохь Оьрсийчоьнан векал Нечаев Сергей формалан кепара кхайкхийна вацара министралле, бундестагана динчу кибер тIелатарх къамел дан кхайкхийнера иза аьлла. Статс-секретарца хилла цуьнан цхьаьнакхетар, ткъа къамел конфиденциале дара.

Германин коьртачу гIалахь Берлинехь Маобит кIоштахь, вилспетана тIехь хиллачу мила ву ца хуучу стага герз тоьхна вийра стохка Марсхьокху-баттахь нохчийн мухIажар Хангошвили Зелимха. Цул тIаьхьа зуламхо къайлаваьлла, хаам бо Deutsche Welle.

Хангошвили Зелимха вевзаш волу нохчийн тIемало вара. Иза схьаваьллера Гуьржийчуьрчу ПIаьнгаза чIожера. 2015-чу шарахь Тбилисехь гIалин юккъехь машенахь схьавогIучу цунна вен дагахь 4-зза герз тоьхнера муьлш бу ца хуучу наха. Амма чевнаш хиллачу Хангошвилин аьтто белира уллерчу дарбанан цIийне дIакхача. Цигахь Iожаллах кIелхьарваьккхира иза лоьраша.

Цул тIаьхьа Хангошвили дIавахара Гуьржийчуьра, цкъа дуьххьара Украине, тIаккха Германе. Цигахь политикан тховкIело ехнера цо немцойн Iедалшка.

Нохчийн хилла тIемало гIарвелира 2012-чу шарахь Гуьржийчуьрчу Лопота чIожехь хилларг бахьана долуш. Цигахь Марсхьокху-бутт чекхболуш гуьржийн ницкъаллин структурийн белхахоша тIом бира нохчийн тIеман тобанца. Хангошвили юкъарло лелош вара шина агIонна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале иза дуьненаюкъарчу лехаме велира Оьрсийчоьнан Iедалша.

Ша Хангошвилис цкъа а ца лечкъадора ша Нохчийчохь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом бина хилар. Тбилисехь ша вен гIоьртинарш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашкара нах бу аьлла хетара цунна.

Кавказехь "сий лардеш" нах байарх керла таллам бина бакъонашларъярхоша

Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а 2011-чу шарера 2018-чу шаре кхаччалц "сий лардеш" байинчийн хьокъехь кхайкхийна 43 кхелан сацам а теллина, жамIаш дина "Бакъонан инициатива" (Правовая инициатива) проектан эксперташа Сиражудинова Саидас а, Антонова Юлияс а. "Кавказ.Реалиино" довзийтина цунах лаьцна. Билгалъяьккхинчу заманчохь цу кепара 55 зулам дина оцу республикашкахь.

"Ма-дарра аьлча, бекхам беш, йа эмгараллана тIехула, йа билггал хиллачу, йа шаьш кхоьллинчу бахьанашца лелийна ду и зуламаш.
"Сий дайина" аьлла, эладитанийн, харцонийн бух тIехь шеконаш кхоллаелла зударий, дозанех бевлларш санна лоруш бу. Оцу гурашкара бевллачарна таIзар до, уьш байа а бойуш", - яздо эксперташа.

Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байар къаьстина хIума дац, аьлла, хьесапе баьхкина таллам бинарш. Цара дийцарехь, зударшна а, мехкаршна а тIехь еххачу заманчохь Iаткъамбой, уьш сийсазбой, цул тIаьхьа дерзош ницкъбо.

Цул сов, яздо эксперташа, божарий хIаллакбо кест-кеста, бахьана хила тарло, и стаг гей ву аьлла, тусадалар. Проблема коьртачех хилар билгалдоккхуш, "Правовая инициатива" проекто убийствачести.рф. цIе йолу сайт схьайиллина. Цуьнан агIонехь карлабохуш хир бу кест-кеста цу кепарчу зуламех хаамаш, ткъа иштта лелор ю статистика а.

Хьалхо проекто цу сингаттамах рапорт арахийцира. 70 респондентаца интервью йинера авторша байинчийн гергарчаьрца а, лулахошца а. Иштта дийцарш дIадаьхьира эксперташца а, имамашца а, юкъараллин жигархошца а, бакъонашларъярхошца а, адвокаташца а, журналисташца а.

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 уьнах кхелхина 60 стаг. Вирус къаьстина 549 вахархочуьнца

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 60 дархо, ун даьлла 549 вахархочунна. Оперативан шатабан зерашца, Дагестанехь велла 50 стаг, Къилбаседа ХIирийчохь - ялх, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь цхьацца.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла 406 COVID-19 шайца хилла вахархо.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь, хьалха санна, къаьсттина дукха бу инфекци яьржина нах Дагестанехь -- 125.

Дагестанехь +125 (4704 эпидеми гучуяьлчхьана)
Ставрополан махкахь +82 (2320)
ГIебарта-Балкхаройчохь +81 (2 673)
Краснодаран кIоштахь +80 (3 662)
Кхарачойн Чергазийчохь +56 (951)
Къилбаседа ХIирийчохь+51 (2 858)
ГIалгIайчохь +45 (2 000)
Нохчийчохь +18 (1192)
Адыгейхь +11 (794)

Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус кхетта верриг а 21 154 вахархо ву. Оперативан шатабан зерашца, Оьрсийчохь 387 623 стагаца хааелла коронавирус.

ТIаьххьарчу буса Оьрсийчохь COVID-19 вирусах велла 232, ун къаьстина 8 572 стагаца

Яхначу буса а, дийнахь а Оьрсийчохь коронавирусан уьнах велла 232 дархо, верриг а кхелхинарг ву -- 4 374. Инфекцица къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабо журналисташка бина цунах лаьцна хаам пIераскан дийнахь.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь ун къаьстина 8 572 вахархочуьнца. Цомгашчийн терахь 387 623 гIоьртина, яздо ТАСС агенталло. Зерийн жамIашца, цхьана дийнахь дарба хилла 8 264 стагана.

ТIаьххьарчу хаамашца, верриг а дуьненахь коронавирусан ун даьлла ву 5 909 003 (+ 116 750 яхначу буса тIекхетта). Велла царахь 362 081 (+ 4 614 тIаьххьарчу буса тIекхетта). ГIоле хилла 2 581 951 вахархочунна (тIаьххьарчу 24 сахьтехь дарба хилла ву + 83 221).

Нохчийн тIемалойн гергарчарна жоп дитина "Новая газето"

Сокирянская Екатерина

Нохчийчохь тIемалойх биссинчу зударшна жоп делла "Новая газетан" журналисто Сокирянская Екатеринас. Иза зорбане даьккхина цо газетан агIонехь. Дуьйцург ду, нохчийн официалан хаамийн гIирсаша, Нохчийчуьрчу тIемалойн гергарчу 1 600 стага куьйгаш таIийна ду аьлла, "Новая газетан" цIарах даржийна кехат. Цу тIехь цу наха неIалташ кхайкхийра журналисташна, республикан Iедале кхайкхам бира цара, "харцдерг" а, "эладита" а даржорна, хаамийн гIирс жоьпе озор доьхуш.

ТIемалойн гергарчу нахана деллачу жоьпехь Сокирянскаяс чIагIо йо, шен артиклехь цхьа дош харц цахиларх.

"Бинчу талламан цхьа дакъа сайн публикацехь билгалдаьккхина ас. И дерриг а 40 тIемалойх биссинчу зударшца а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а бехачу тIемалой лаьттинчийн хIусамнаношца а хиллачу къамела тIехь бина таллам бу. Цул сов, регионерчу хьолах дуккха а шерашкахь латтийначу мониторингех пайда а эцна", - яздо Сокирянскаяс.

Цо бахарехь, цуьнан белхан Iалашо яра, Iедалан а, юкъараллан а терго оцу бисинчу зударшна а, берашна а тIеозо, дIахаийтар, царна гIортор а, тидам а, социалан-психологин адаптаци а оьшийла.

Дагадоуьйту, Нохчийчохь бехачу гIаттамхойн гергарчара кехат дахьийтинера "Новая газетан" коьртачу редакторан Муратов Дмитрийн цIарах, церан газетана неIалт а кхайкхош, официалехь шаьш Iорадаьккхинарг харц а деш, къинтIера даха шаьш аьлла.

Кехатан авторшна новкъаеанера, бакъонашларъярхочо Сокирянская Екатеринас "Наш папа в плену" (Тхан дада йийсарехь ву) аьлла, зорбане яьккхина артикл. Цу тIехь цо йовзийтира байинчу тIемалойн, йа террорхойн вовшахтохараллин декъашхойн бисинчу хIусамнанойн а, гергарчийн а истореш а, Iедалан а, ницкъаллин структурийн а цаьрца йолу юкъаметтигаш а.

Соьлж-ГIаларчу отелашкахь дIатарвийр ву 600 медицинан белхахо

Нохчийчоьнан премьер-министр Хучиев Муслим

Соьлж-ГIаларчу хьешан хIусамашкахь, коронавирусан ун даьллачу нахана дарба ден 600 медицинан белхахо дIатарван Iалашонца, Нохчийчоьнан Iедалхоша регионалан бюджетера 25 миллион сом хьажор ду. ТАСС агенталло яздина цунах лаьцна, инстаграмерчу шен пена тIехь премьер-министро Хучиев Муслима бинчу хаамца.

"Соьлж-ГIаларчу "Тийналла", "Беркат", "Зама", "4 сезон" тоьллачу хьешан хIусамашкахь 600 гергга лор а, лор-йижарий а дIанисбийр болуш бу мехкан бюджетера къастийначу 25 миллион соьмах. Медицинан белхахошна аьхна хьелаш латтор ду, кхаа рожехь юург а хир ю, белхан меттигашка дIа а, схьа а лелор бу уьш", - аьлла Хучивс. Цо бахарехь, церан доьзалш уьнах ларбархьама, инфекци ца яржийтар Iалашонца дина ду иза.

ТIаьххьарчу хаамца, Нохчийчохь коронавирусан инфекци толлуш ю 5 422 вахархочуьнца, аьлла, хааме даьккхина мехкан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Верриг а ун даьлла ву 1 174 пациент. 745 – дарбан цIийнера араваьккхина, гIоле а хилла.

COVID-19 вирусах кхелхина Нохчийчохь 13 дархо. "18 стаг ву ледарчу хьолехь. Пехашна хIаваъ кхачочу аппараташна тIетесна бу уьш. Цул совнаха, 500 пациент ву кислородан гIоьнца латтош. Социалан дистанци а, гигиенан низамаш а лардар чIогIа мехал ду. Коронавирусан ун дIаса ца даржийта гIо хир ду цунах", - билгалдаьккхина министро Сулеймановс.

Ростовехь таIзар дина Нохчийчуьрчу вахархочунна

Иллюстративан сурт

Устради-гIаларчу вахархочо Чигиев Зелимхана зулам дина хилар тIечIагIдина Ростов-гIаларчу тIеман кхело, яздо "Кавказ.Реалиино". "КИВИ-кошелек" олучу системех пайда а оьцуш, террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу вовшахтохараллин декъашхочунна гулдеш, цуьнан цIартIе ахчанаш даьхна хилар дуьхьалдаьккхина цунна талламхоша. Шина шарна а, ялх баттана а луьрачу хьолехь хан такхар тIедожийна Чигиевна кхелахоша.

Карладоккху, цхьа шо гергга хан ю Дагестанерчу "Черновик" гIирсан журналист Гаджиев Iабдулмумин оццу артиклехь бехкевен.
Талламхойн версица, Оьрсийчоьнан Iедалхоша экстремизмна бехкевечу Саситлинский Абу Iумаран чоьта тIе ахчанаш дохуш хилла цо.

Нохчийчохь COVID-19 вирус кхетта 18 стаг чолхечу хьолехь ву

ТIаьххьарчу хаамца, Нохчийчохь коронавирусан инфекци толлуш ю 5 422 вахархочуьнца аьлла, хааме даьккхина мехкан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Верриг а ун даьлла ву 1 174 пациент. 745 – дарбан цIийнера араваьккхина, гIоле а хилла.

COVID-19 вирусах кхелхина Нохчийчохь 13 дархо. "18 стаг ву ледарчу хьолехь. Пехашна хIаваъ кхачочу аппараташна тIетесна бу уьш. Цул совнаха, 500 пациент ву кислородан гIоьнца латтош. Социалан дистанци а, гигиенан низамаш а лардар чIогIа мехал ду. Коронавирусан ун дIаса ца даржийта гIо хир ду цунах", - билгалдаьккхина министро Сулеймановс.

Кадыровн кема Соьлж-ГIалара Москва дахана юха а

Кадыровн кеманан некъ

Тахана суьйранна 18:39 минот яьллачу заманчохь Соьлж-ГIалара Москва дахана бортан лоьмар VQ-BVQ йолу Airbus A319 кема. Гуттар а цу кеман чохь дIасалела Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, яздо "Кавказ.Реалиино". 21:01 минот яьллачу хенахь "Внуково" аэропортехь охьадоьссина и кема.

flightaware.com сайтера информаци
flightaware.com сайтера информаци

Изза кема кху деношкахь шозза дIасадахара: Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь Соьлж-ГIалара Москва, ткъа 25-чохь - юхадирзира. Цу деношкахь хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхира, коронавирусан шеконашца Кадыров Москва вигна, бохуш. Стигалкъекъа-беттан 26-чохь цул тIаьхьа нахана юкъавелира Кадыров.

"Нагахь санна, со цомгаш хиллехь а, дуьненчохь миллионашкахь ма бу коронавирусан ун даьалла нах, иттаннашкахь эзарнаш белла, ткъа со адам дац? Сан цомгаш хила бакъо а яц? Иммунитет а, гемоглабин а хьалаяккха маха тоха йиш яц? Дуьйцийла йоццуш могаш стаг ву-кх со", - аьлла, дIахьедира цо кхаарин дийнахь.

Билгалдаккха догIу, VQ-BVQ бортан лоьмар йолу Airbus A319 кема 2018-чу шарахь дуьххьара гучудаьллера, иллиалархочо Тиматис цуьнан салон чохь даьккхина сурт зорбане диллича. Шен "вешин" ду хIара кема аьллера цо хIетахь, дагахь Кадыров а волуш.

СемаIашкарчу зударшна бехкбиллина Кадыровс

Марха достучу, Стигалкъекъа-беттан 24-чу дийнахь, СемаIашкахь хиллачух шен гIоьнчас хаьттича, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, "бакъонашларъярхошца боьзна хила тарло и зударий, царна хьехна хир ду цара гIовгIа эккхийта аьлла". "Кавказ.Реалиино" дуьйцу цунах лаьцна шен агIонехь.

Хьалхо даржийра портало, Марханаш достучу дийнахь Нохчийчохь дуккха а нах лецарх, полисхоша царна тIе куьйгаш дахьарх а лаьцна. WhatsApp-ан мессенджерехула цхьа могIа бахархоша, зударша а цхьаьна, хаам бора, СемаIашкахь а цу кепара летарш хилла бохуш.

ТIаьхьо инстаграм-аккаунташкахь видеош яьржира, оцу зударша шайна , "гIуллакх доцург" дийцарна гечдар доьхуш.

Къилбаседа ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а белхаш болийна Москварчу лоьраша

Иллюстративан сурт

Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дарбан хIусамашкахь коронавирусан инфекцица болчу нахана дарба дан буьйлабелла еарин дийнахь дуьйна Москвара баьхкина лоьраш. "Кавказ.Реалии" портало яздо цунах лаьцна.

Москван мэран Собянин Сергейн тIедилларца, де хьалха суьйранна лерина кема деана уьш балош. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дехар динера мэре, къаьсттина гIо оьшучу регионашка медицинан белхахой хьовсабе аьлла.

Ялх стагах лаьтта медикийн тоба кхаьчна БуьритIе, шен коьртехь Ворохобовн цIарахчу Москварчу лоьмар 67 йолчу клиникан коьрта лор Покровский Константин а волуш. 55 миллион соьмана коронавирусана дарба ден молханаш а, лоьраш уьнах Iалашбен барзакъ а цхьаьна деана цара шайца.

"ХIирийчуьрчу тхайн белхан накъостийн говзаллех шеко яц тхан, делахь а, ковид-центрашкахь тхаьш бинчу белхан зеделлачуьнца дакъа дан лаьа тхуна. ХIуъа дийцича а, алсам ду тхан зеделларг. Юкъахь болхбар республикерчу лоьрашна а, тхайна а пайден хир ду аьлла, дегайовхо ю тхан", - аьлла журналисташка Покровскийс.

Шина кIиранах болх бийр болуш бу Къилбаседа ХIирийчохь Москварчу говзанчаша. Къилбаседа-ХIирийчуьрчу лоьрийн академехь (СОГМА) хилира уьш еарин дийнахь. Цигахь дийцаредира цара коронавирусан ун даьллачу нахана дарба лелор муха хир ду.

"Тхан белхан накъосташа сацам бина, кегийчу тобанашка декъа а ца луш, раьгIнаш хIиттина болх бан республикерчу дарбан хIусамашкахь. Тахана СОГМ-ехь бара уьш, кхана Республикан клиникан хIусаме гIур болуш бу. Цигара дIа видеозIенехула клиникан дарбан цIийнерчу сихаллин гIо кхачочу машенахь болх бечу лоьрашна хьехарш а деш", - аьлла Къилбаседа-ХIирийчоьнан могушалла Iалашъяран министраллан пресс-гIуллаккхоша.

COVID-19 вирус яьлла нах охьабахка кечйина Къилбаседа-ХIирийчохь БуьритIера кхо лазартне ю, кхин а оццул ю Ардонехь а, Бесланехь а, "Октябрьское" олучу эвлахь а.

Америкехь коронавирусах беллачийн терахь 100 эзарел тIех ду


COVID-19 вирусах Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь 100 эзар сов ву велларг. ХIопкинс Джонан Университетан зерашца, Стигалкъекъа-беттан 27-чохь штаташкахь верриг а кхелхинарг 100 047 стаг ву, ткъа 1,7 гергга миллион вахархо ву пачхьалкхехь коронавирусан ун даьлла.

Американ Цхьаьанатоьхна Штаташ хьалхарчу меттигехь ю инфекци яьржина нах дукха хиларца. Пачхьалкхехь хIора цомгаш хиллачу 100 эзар вахархочух 30 гергга ву лийриг. Баларш дукха хиларца Америкаел а билгалъяьлла ю Белги а, Испани а, Британи а, Франци а, Итали а, Швеци а. Въетнаман а, Корейн а шина тIамехьчул а дукха нах байина коронавирусан уьно Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь.

Вирус яржарца доьзна Американ а, кхечу пачхьалкхийн а тоххарлера дахар хийца дезна, Iедалхой дозанаш детта декхаре а беш. Дикка ницкъбина экономикана коронавирусан пандемино.

Юьхьанца COVID-19 инфекци кIезигчух хеттачу Американ президенто Трамп Доналда юх-юха а дIахьедо, экономика юха а карлаяккха еза пачхьалкхехь бохуш.

Таханлерачу дийнахь Американ 50 штатехь бизнес лело а, кеп-кепарчу тIегIанашкахь социалан барамаш хIитторна а дехкарш даьстина. Лас-Вегасерчу казинойн а, Walt Disney индустрин а болх а боло мегаш бу.

Дуьненчохь 5, 5 миллион стаг ву коронавирусан ун хьакхаделла, кхелхина 353 эзар гергга дархо. Эпидеми а, баларш а лахделла хаало цкъачунна Европехь а, Малхбалерчу Азехь а.

Къилбаседа Кавказ: 32 дархо кхелхина, ун даьлла 552 стагана

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусан уьнах кхелхина 32 стаг, цомгаш хилла кхин а - 552. Оперативан штабан хаамашца, Дагестанехь велла 21 дархо, Къилбаседа ХIирийчохь - пхиъ, ГIалгIайчохь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь -шиъ, Ставрополан махкахь - цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус яьржичхьана велла 346 пациент.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина дукха бу ун даьлларш Дагестанехь –124.

Дагестанехь +124 (4 579 ву верриг а эпидеми яьржичхьана)
ГIебарта-Балкхаройчохь +83 (2 592)
Ставрополан кIоштахь +80 (2 238)
Краснодаран махкахь +76 (3 582)
Къилбаседа ХIирийчохь +52 (2 807)
ГIалгIайохь +49 (1 955)
Кхарачойн Чергазийчохь +42 (895)
Адыгейхь +24 (783)
Нохчийчохь +22 (1 174)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь цомгаш хилла 20 605 стаг. Йоллу Оьрсийчохь, оперативан шабан зерашца, 379 051 стагаца къаьстинера коронавирусан ун.

Шен воI верна шеконашца лаьцна Дагестанехь да

Дагестанерчу Ахтынскан кIоштан вахархочух шеко кхоллаелла, цо шен кIант вийна хила мега аьлла, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Талламхойн версица, цIеххьана иккхинчу девнехь дас таллархойн топ тоьхна шен кIантана. Чевнаш йина воI тIаьхьо кхелхина дарбан хIусамехь.

Дагестанерчу Талламан комитетан векало дийцарехь, дас бехк тIе ца буьту. Конфликт эккхаран бахьана дара, боху цо, кIант шега ладугIуш цахилар.

"Дас дийцарехь, кIентан вон амал хилла, дас-нанас бохург тергал деш а ца хилла, харцхьара хIуманаш довлуьтуш хилла шегара. Оцу тIехула барт ийгIина хиллера цу шиннан", - аьлла Дагестанехь йолчу Талламан комитетехь.

Шеконашца лаьцна ву да, талламхоша дехар дина иза чохь сацаве аьлла.

Оьрсийчохь товелла COVID-19 вирус кхетта 150 эзар вахархо

Коронавирусан ун кхетта 150 эзар сов Оьрсийчуьра стаг товелла, яздо "Кавказ.Реалии" портало. COVID-19 вирусца къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабо бина иштта хаам. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь 8 371 дархо къаьстина инфекцица. Цхьана дийнахь велла 174 пациент.

Эпидеми юкъаяьлчхьана Оьрчийчохь цомгаш хиллера 370 эзар сов вахархо. Кхелхина 1 142 пациент. Зазадокху-бутт юккъе баьлчхьана, инфекци яржарна кхоьруш, пачхьалкхехь карантинан дехкарш дара юкъадаьхна. Белхан меттигаш а, школаш а дIакъевлира, нах цхьаьнакхеташ хIиттон барамаш а совцийра.

Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнера схьа дуьйна Оьрсийчохь карантинан раж гIелъян йолийра, делахь а, регионийн куьйгалхоша беш бу тIаьххьара сацам.

Москвахь карабогIучу беттан 14-чу дийне дIаяхйина изоляцин раж. Иштта Оьрсийчоьнан коьртачу шахьарахь карабогIучу баттахь дуьйнна масканаш лело йолор ю транспорта тIехь а, наха гуллучохь а.

Оцу юкъанна, гIалин мэро Собянин Сергейс хаам бина, карабогIучу беттан 1-чу дийнахь туьканаш схьайоьллур ю, адамашца ехха контакт ца хуьлу белхан меттигаш а болх бан йолалаур ю аьлла.

Карарчу хенаххь Москван бахархошна тестан рожехь магош ду шен-шен заманчохь чу-ара вала. Дарбан хIусамашкахь планехь йолу операцеш ян буьйлалур бу лоьраш.

Европерчу нохчашна гечдийр ду Кадыровс, шаьш бехке хиларна уьш къера хилахь

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Шен бехкана къера хиллачу муьлххачу а стагана гечдан кийча ву ша, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Инстаграмехь йоьдучу эфирехь дина цо иштта дIахьедар. Европерчу Ичкерин агIончех дерг аьлча, Кадыров тешна ву, "оцу масех, социалан пакет оьцучу стагана" шайна а хаьа, шайн идейш бух боцуш юйла.

Иштта Кадыровс тIетоьхна, Европехь беха нохчий шена цхьа дакъа хеташ хилар нохчийн юкъараллан. Махкахойн дешарца а, белхаца болчу кхиамех ша дозалла а до, аьлла цо.

Дагадоуьйту, Кадыровс а, цуьнан гоно а кест-кеста кхерамаш туьйсу, Европан мехкашкахь бехачу шайн политикан оппоненташна.

Белхазалла лакхара ю Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Оьрсийчоьнан къинхьегаман министро Котяков Антона дIахьедина, пачхьалкхан регионашкара белхазаллин хьал зийча, къаьсттина тиша хьал го Тувахь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а аьлла. ТАСС агенталло бина цунах лаьцна хаам.

Министро дийцарехь, оцу регионашкахь белхазалла хьакхаелла 9-11% бахархойх. Официалан зерашца, Оьрсийчохь, белхан къоьлла ю аьлла, чоьте эцна 1, 9 миллион стаг.

Билггал аьлча, балха ваха аьтто боцуш хила тарло Оьрсийчохь 5 миллион гергга болхбалу хан йолу нах.

Кадыров: "Со адам дац? Сан цомгаш хила а йиш яц?"

Нохчийчоь. Меттигерчу дарбан цIийне веана мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедина, ша могуш а ву, Марха достучу дийнахь шен цIахь изоляцехь вара ша аьлла, яздо "Кавказ.Реалиис". Шен гIоьнчаца Дудаев Ахьмадца инстаграмехь йоьдучу эфирехь дина цо иштта дIахьедар. Марханаш дастале хьалха официалехь тIечIагIданза, дийца долийра хаамийн гIирсашкахь, Нохчийн Республикан куьйгалхо коронавирусан инфекцица Москварчу дарбан цIийне кхачийна аьлла.

"Нагахь санна, со цомгаш хиллехь а, дуьненчохь миллионашкахь ма бу коронавирусан ун даьалла нах, иттаннашкахь эзарнаш белла, ткъа со адам дац? Сан цомгаш хила бакъо а яц? Иммунитет а, гемоглабин а хьалаяккха маха тоха йиш яц? Дуьйцийла йоццуш могаш стаг ву-кх со", - аьлла кхаарин дийнахь Кадыровс.

Карарчу беттан 21-чу дийнахь дуьйна, COVID-19 вирус кхетта бохуш, дийца долийчхьана, дIавайна хилла Кадыров дуьххьара гучувелира нахалахь де хьалха. Оперативан штабан кхеташонехь ву аьлла, цуьнан сурт зорбане даьккхира телеграм-каналехь.

"МБХ-Медиа" сайтан информацица, дахначу оршотан дийнахь Москвара Соьлж-ГIала деанера цуьнан кема.

ТIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчохь 1 133 стаг ву инфекцица, 13 -- кхелхина, 690 пациентана дарба хилла. Шога карантин ю махкахь кхайкхийна. Комендантан сахьт ду, сацийна юкъара транспорт, кхечу субъекташкарчу нахана къевлина ду Нохчийчу догIу некъаш.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG