ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанерчу тIалибийн лидер вайна


ОвхIанистанерчу тIалибийн лидерх Ахтар Мансур-Моллех хилларг хууш дац, кхо де хьалха кхечу тIалибийн хьалханчица герзаца юкъаметтигаш къастош дов иккхичхьана. Кабулерчу хьаькамаша дIахьедина, Мансур чIоггIа лазийна, велла хила а тарло, Пакистанна гергарчу Къуэтта юьртахь цхьана цIачохь нисделла латар, аьлла.

ТIалибийн хьостанаша иза тIалибашна юкъара барт эгIон яржош пропаганда ю аьлла. Амма дов иккхинчу дийнахь дуьйна схьа хезаш дац Мансур-Моллигара хабар. ТIалибийн векало шега динчу хаттарна жоп луш аьлла, шена билггал ца хаьа хIун хилла, лаккхарчу барамехь ларвеш ву лидер, шен цунна тIекхочийла дац.

Деххачу шерашкахь ТIалибанна коьртехь Iийна Омар-Молла ши шо даьллачул тIаьхьа бен веллийлла ца хиина дуьненна. Цундела деза ду овхIанхошна тIалибийн керлачу лидерх хилларг хаар, яздо Кабулерчу прессехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG