ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъа бехкейо Туркойчоь


Иракъан премьер-министра Ал-Iабади ХIайдар Туркойчоь бехкейина, цо Мосул гIала “Исламан Пачхьалкх” олучу тобанашна дуьхьалоен шайн тобанаш Iамон ницкъаш хьовсарна, декхарейина Хонкара и дакъош Иракъера арадаха. Шоьтадийнахь и дIахьедар деш, шайн пачхьалкхан суверенитет хьашар ду Ненивия провинце танканаш а, яккхий тоьпаш а хьовсор, бохура Ал-Iабадис.

Туркойн 150 салти а, 25 танк а, БагIдадерчу Iедале хаьттина а доцуш, Мосуле хьажор шаьш агресси лору, аьлла Иракъан дипломатин цIийно а, хаамбо Рейтеро. Ткъа туркоша дIахьедина, шайн эскар хьалхо бинчу бертаца а догIуш дахана Иракъан ницкъашна гIодан, шайн тIеман дакъош стохка дуьйна а ду Курдистанехь жихIадхошна духьаллаьтташ, аьлла.

Вашингтоно шена хууш дара Мосуле туркойн танканаш йоьлхий, гарехь, Хонкаро ца хийтина хила мега иракъхошка шаьш уьш Мосуле хьовсош, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG