ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун Iалашонца хIиттош ю КъилбаСеда Кавказерачу мехкашкахь жIараш?


Малбузерачу КъилбаСеда Кавказехь, чергазой а, адыгаш а бехачу мехкашкахь ира лаьтташ ду, маьI-маьIIехь дIахIитточу жIарашца долу гIуллакх. Массийта шо ду, масала, Адыгийн махкахь, оцу хIуманца къийсам латтош болу. ТIаккха а, кIезгалуш яц и жIараш. Тахана, мел лаххара а 30 ю уьш махкахь дукхачу меттигашкахь дIахIиттина.

Лекха, 3-4-5 метар лекха а йолуш, яьрташка а, гIаланашка а чувоьддучохь а, меттигерачу къоман дайш дайш деза хеташ лоручу ломанийн баххьашка а хIиттина уьш. Цунна дуьхьала яьлла болх дIахьош ю цигахь, «Адыге-Хасэ» олуш йолу юккъараллийн цхьанатохаралла. Цуьнан хиллачу куьйгалхочо Хапай Арамбис, Маршо радиога дийцира, и жIараш хIоттаейта шаьш реза хIунда дац а, царна муьлхачу кепара дуьхьало йо шаьш а.

Хапай: «Цхьа а документаш а доцуш, хIиттош ю уьш. Уггаре а дукха ю Майкопан кIоштехь. Чергзошна деза хетачу ломанна буьххье а яьккхина дIахоттина жIара. Iедалша а цхьа а хIума а деш дац цунна. Адыге-Хасэ, низамехь доцу хIума лелош яц, ткъа, и ж1араш хIиттош берш, низамаш дохош бу. Соьга хаьттича, динан билгалонаш юккъараллийн меттигашкахь хила ца еза. Царна леррина меттигаш ю. Ткъа, илла а, билла а хIотто луучо, шен цIахь хIотто еза иза».

Шай махкахь и жIараш дIахIиттош хиларна реза боцучу адыгаш, каяьллачохь дIайогIу уьш. Иза деш берш шайна муьлша бу ца хаьа, амма, уьш хIиттор а, лачкъа а лечкъина уьш дIаяхар а, йоккха провокаци ю, аьлла хета адыгийн къоман цхьанатохараллийн декъашхочуьнна Хапай Арамбин.

Хапай: «Iедалша хIумма а деш дац аьлла, и гIуллакх кIордина нах а ма бу. Чергазойх хьакхалуш ма ду и хIума, цундела, уьш д1аяха г1ерта цхьаболу нах. Сайх аьлча, ас, цкъа а и хIуманаш лелийна а дац, я лело дагахь а вац. Со бера дац иза лело. Ас лечкъош дац, со дуьхьал хилар. Низамца ас кхин дIа а болх бийра бу, и динан билгалонаш ца хилийта. Низамашца, дин, Iедалах къаьстина ма ду вайн пачхьалкхехь. Цундела, динан меттигаш ю. Провокаци а ю иза. Уьш дIаяьхча, жIарашца тIом беш бу Адыгийн махкахь, аьлла дукха сиха дIакхайкхадира».

Малхбалерачу КъилбаСеда Кавказехь: Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайн махкахь а иштта шуьйра даьржина дац жIараш хIитторан гIуллакх. Амма, кхузахь а, некъа йистошкахь, оьрсийн салти, вийна, я веллачу меттехь дIайугIура жIара. Дела денна цигахула дIасалелачу наха, уьш дIайохун дела, тIе ца кховдийта оцу жIарашна кIела минаш а юьхкура масалаНохчийчохь. Тахана уьш хIитта ца йо, оьрсийн эскархой леш боцун дела.

ЖIара керстан динан коьрта билгало лоруш йолу, иза гайтаме йоккху оьрсийша шаьш бехачу меттигашкахь. ГIирма ах гIайренехь, Оьрсийчоьно дIалацале, оцу хьокъехь бара боккха къийсам дIабоьдуш. Деххачу шерашкахь лаьтташ бара иза. Коьрта шахIаре- Симферополе чуволлучохь, 7-8 метар лекха йолу жIараш хIоттайора, меттигерачу оьрсийн бахархоша. Иза, оцу делан сахьта дIайоккхура, оцу латтан дай лоручу гIирмера гIезалоша. ХIинца-м, церан и хIума къийса башха бакъо йисинчух тера а дац.

XS
SM
MD
LG