ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. Бераллехь къаналлех левзинарг къаналлехь бераллех ловзу...


Бисултанов Апти

* * *


бераллехь къаналлех левзинарг къаналлехь бераллех ловзу

кхачвалар ду кхачавалар, мухха а делахь а, ду иза валар

дийначун сакхт хила деза шен кхачамбацарца кхачамах и
хьалхавоккхуш

цундела
сан аьро пхьаьрса тIехь
сел нийса лелачу хенан раж йохаеш
"Свотч" гонах гIенийн чарх еш дeрг ду сан доьхна доьхка

цундела
цкъа мацах Нохчийчохь зуламах со ларван
даьккхина жайна ас сайн кераюкъе ма-диллинехь
хIораза го суна сайн хьажо-пIелга тIехь
додаммий дIаьндаргий денлуш

цундела олу ас наг-наггахь "масалла, суна хьо еза"

цундела
кху гIалахь
туристаш IиндагIаш дIадахна йисначу херцаршна юккъехь
ас айса билгалдо тахана
"масалла, со вехар ву хIинца кху дитта тIера
дIогарчу берда тIе кхаччалца
кху новкъахь ша дуьхьалкхеттаверг ... волуш"

амма
цундела дуй техьа тIаккха,
стен борша къена я къона
я цхьа а башхалла башха а йоцуш
дуьхьала схьадогIуш генара цхьа сибат гича
со вехха Iадийна латтар
со суо а массех сиз бен боцуш санна
цецваьлла мацах цкъа Прагехь
хаддаза лелачу трамвайна тIера
Вацлаван майдана кхочучу меттехь
сайна мотт гайтина ела а елла
хан охьаиккхича санна

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG