Шен эскарш БагIдаде а хаттаза Иракъе хьажорна оцу пачхьалкхан лидершца эгIна Туркойчоьнан президент Эрдоган Тайип кхаарийдийнахь Хонкарахь цхьаьнакхетта Иракъерчу Курдойн лидерца Барзани Масудца.
Цара бартбина террорна цхьана дуьхьало ян, оцу Iалашонца курдойн милици – пешмерга кхидIа а Iамор ю туркойн тIеман инструкторша.
Барзани хилира туркойн къайлахчу сервисехь - къоман талламийн хьукматехь. Къатарерчу Ал-Жазира телевизионна интервью луш Эрдогана юха а тIечIагIдира, шо хьалха дуьйна а бина, лелаш бу Иракъца цуьнан Iедална гIоьнна туркойн эскарш хьийсаде барт, аьлла.
Ал-Iабади ХIайдара, Иракъан премьер-министра, Туркойчоьне деношкахь дIахьедира, цуьнан эскарш хаттаза даьхкина шайн махка, уьш арадаха деза, аьлла.