ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Арахьарчу агентан" мах хадор бу Страсбурго


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листа юхьараэцна шех Оьрсийчоьнан юстицин министралло «арахьара агент» олуш бинчу сацамна дуьхьал Москох куп тоьхначу Информацин Фриинформ центро дина арз.

Центран бакъо къовса резахиллачу юриста Шарапов Илнура элира журналисташка, «арахьара агент» боху эхье цIе хьукматашна тIе а етташ, Оьрсийчоьно талхайо Европан адамийн бакъонашкахула йолу конвенци.

Фриинформ центр Iедална цатар дозу цо Беслан-гIалахь 10 шо хьалха бIеннаш нах а лешдинчу талоран декъа Кремл а юьгуш хилар, чIагIдо юриста Шараповс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG