ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагалецамашкахь лаьтта нохчийн, дуьххьара тIом болабелла хан


Тахана, гIурабеттан 11 дийнахь, 21 шо кхаьчна, Нохчийчохь хьалхара тIом болабелла.ТIеман терминологийца, «меллаша, боларца» чекхдевра ду шаьш аьлла,оьрсийн инарлашна хетарг ца хилира цуьнах. БIеннаш эзар нах байина а лазийна а бу. И мах бала дезна нохчийн къоман оцу политикан ловзарех.

Нохчийчу эскар чудигча, 70 процент бахархоша иза дика тIеоьцура ду, аьлла тешаш бара оьрсийн инарлаш. Оьрсийн тIеман техникийн коврана хьалхахь дама тосура ду аьлла хетара царна. Ма хетта ца хилира. 3-4 сахьт дара кхаа агIорара чуддоьдучу тIеман дакъошна билгалдаьккхина Соьлж-ГIалан гобан. Амма, кIира сов хан ийшира иза дан.

Нохчийн къоман цхьаалла гайтина дукха масалаш дац, амма, тIебеанчу тIамо, цхьанатуьхира нах. Селхана мостагIий а хилла, позици а, оппозици а бу бохуш берш а, цхьана агIора хIоттира.

Юккъараллехь, тахана и де билгладоккхуш а, я дийцаре деш а дац. Амма, нехан дагалецамаш хIинца а сема бу, меттах баха а ца безаш. ТIом, бахлура бу, я цуьнах хилла долу къемат де хир ду, аьлла а ца хетара нахана оцу хенахь. ТIамах хьаьгна нохчий а, царна хьалхаваьлла волу Дудаев а вара бохург бакъ ца до, политолога Мусаев Аслана. ТIом болабан атта ду, иза берзо хала ду, бохучуьнах кхетачу нахана хууш дара иза, аьлла дийцира цо Маршо радиога ша вистхуьлуш.

Геннахь чуетташ хезаш хилча а, наха шай гIуллакхаш дора. Умаров Султан цIе йолчу, Соьлж-гIалара вахархочуьнна цIахь, оцу деношкахь цхьацца белхаш бара дIахьош. Шаьш уьш саца а ца бира, элира цо.

Нехан дагалецамашкахь муха дисина 21 шо хьалха хилларг, аьлла хеттарш дира бозуш боцчу нохчийн журналисташа а. Соьлж-гIалийн урамашкахь, цара хеттарш дира нахе, и де дага догIий шуна аьлла. Дуьйцу журналиста Мазаева Миланас.

Кхиъ дуккха а шераш дIадерг хира ду, Нохчийчохь хиллачу шинна а тIаман, кIоргера бахьанаш а лохуш, таллам ца беш. Ткъа, хьалха а, тахана а, гIора дайна къам тешо гIерта, хиллачу бохамашна бехке иза ша ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG