ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь бахьана долуш лахделла Шемана гуманитаран гIо дар


Оьрсийчоьно Шемахь бомбанаш еттар бахьана долуш лахделла цу махкана гуманистаран гIо дар. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин лерринчу дIахаийтарна тIе а тевжаш, цу кепара дIахьедар дина Оршот дийнахь Iамеркера The Washington Post газето. Туркойн кемано шайн бомбанаш етта кема чудаийтинчул тIаьхьа Туркойчоьнан дозанца йолчу Шемарчу оппозицин тобанашна хIаваэхула тохарш дар алсамдаьккхина Оьрсийчоьно.

Оьрсийчоьнан кеманаш бомбанаш а, ракеташ а етташ ду Шеман а, Туркойчоьнан а дозанехь йолу чекхволуьйтучу пункташна а, гуманитаран гIо кхоьхьучу некъашна а. И бахьана долуш цигахь бахархошна гIо дар сацийна дуккха а гIо-накъосталлин организацеша, аьлла ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино арахецначу лерринчу дIахаийтарна тIехь.

Дуьненаюкъаралло далочу терахьашца, Оьрсийчоьно тIеман кампани йолийначул тIаьхьа цуьнан кеманаша 20-зза тIелатар дина дарбанан хIусамашна а, госпиталшна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG