ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху шарахь, тулгIено санна, тахана-кхана дIанислура ду ша дерриг бохуш, Iедалша нахе мел дийцинарг хьаккхана дIакъайладаьккхина. Иштта мах хадо мегар ду пачхьалкхехь экономикехь долчу хьолан.

Аргун-ГIалара базар
Аргун-ГIалара базар

​Лаккхарчу Iедалхоша, кхин къера а боцуш, вай сирлачу кханене доьлхуш ду бохуш, кхайкхамаш бахь а, могIарерачу нехан дегнашка дIа ца кхочуш и азнаш. Мецачу чоьно тIе ца оьцу и деза къамелаш.

Аргун-гIалар базар
Аргун-гIалар базар

Нохчийчуьра бахархой а бац, пачхьалкхера кхечу нахалла дика хьоьгуш оцу тIегIанехь. Маршо радиога цара дийцира, шайна тахана уггаре а лазаме долчу хаттарех. Шовхалова Раиса цIе йолчу яхархочо арз до массо а сурсаташна мах лакхаболуш бу бохуш.​

please wait

No media source currently available

0:00 0:01:03 0:00
Линкана тIе

Экономикехь долу хьал дика хиларна коьрта билгало ю, наха, шайна тахана-кхана кхалла тоаала хIума эцар. Амма, тIаьхьарчу хенахь, Нохчийчохь долчу суьрто гойту, наха, галешкахь, иттанаш киланашкахь, литаршкахь, юург а, мерг а оьцуш хилар.

Бутт хьалха наьрса итт туьма йорах яра
Бутт хьалха наьрса итт туьма йорах яра

Моссу а хIуманехь кхера Iаьмма болу нохчий, кхана муьлхачу агIорара тохар хира ду хууш бац, цундела, халонаш, гай дуьзина хилча, лан атта ду аьлла хеташ лела. Сангареева Зидата а, дуьйцу, массо а хIума язлуш хиларо, шаьш холчо хIоттош ду аьлла.

please wait

No media source currently available

0:00 0:00:44 0:00
Линкана тIе

Аргун-ГIалара базар
Аргун-ГIалара базар

​Оцу чолхаллашна юккъахь, цхьа хаам бу Iедалшна шаьш йохIкIайчу хIоттош ду аьлла хеташ. Махкахь, белхан меттигаш ца хиларан терахь гIехь лахделла бохуш дIахьедар дина кху деношкахь. Иза муха нисделла церан, кхета хала ду.

New Comments Available
XS
SM
MD
LG