Шемара хьал политикан гIулчашца дIадерзорах лаьцна резолюци тIеэцна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоно. Цул хьалха Кхерамазаллин Кхеташонан даиман а декъашхо йолчу 5 пачхьалкхао барт бира цу документан текст хьокъехь.
Цу тIехь аьлла ду герзаш деттар сацорах а, шина шеран чохь къоман цхьааллин Iедал кхолларх а лаьцна. Шеман Iедалшна а, оппозицина а юкъахь дийцарш дIадолор долуш ду 2016-чу шарахь тIебогIучу Дечкен-баттахь.
ПIераскан дийнахь Нью-Йоркехь цхьаьнакхийтира Шеман гIо даран дуьненаюкъара тоба. Иза вовшахтоьхнера Iамеркин пачхьалкхан секретаран Керри Джонан дехарца. Цу тобанна юкъайогIучу 17 пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министарша а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергей а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Шемахула волчу векало де Мистура Стаффана а дийцаре дира машар барца а, Асад Башаран режиман а, оппозицин а дийцаршца доьзна долу а хаттарш.