Бернехь цхьаьнакхетта Эрмалойн а, Азербайджанан а президенташ Саргсян Серж а, Алиев Илхам а. Царшимма дийцаре дира Ломара Карабахера конфликт дIаерзоран некъаш. Цкъачунна цу цхьаьнакхетаран жамIаш муха ду хууш дац. Швейцарино юкъарло а лелош дIадаьхьна и цхьаьнакхетар, кху деношкахь цу шина пачхьалкхан дозанехь чолхечу даьлла хьал а долуш.
И кхеташо хилале хьалха Iамеркин а, Оьрсийчоьнан а, Францин а цIарах юкъарло лелачу векалша шаьш сатесна ду элира Саргсян а, Алиев а реза хир ву аьлла герзаш деттар сацорах лаьцна бина барт чIагIбан.
ДIадаханчу Еарин а, ПIераскан а деношкахь Ломара Карабахан регионехь герзаш диттина вийна Азербайджанан цхьа эскархо а, эрмалойн кхо салти а.