ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«ХIъюман Райтс Вотчо» бехкейо Оьрсийчоь а, Дамаск а


Дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн «Хьюмен Райтс Вотч» юкъаралло бехкейина Москох а, Дамаск а Шемахь дуьненаюкъарчу низамаша магийна йоцу кассетан ракеташ, бомбанаш кхийсарна.

Юкъаралло дIахьедарехь, Шемарчу тIемашкахь Асад Башаран эскаро а, Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша а 20-зза пайдаэцна кассетан бомбанех. Бакъоларъярхоша чIагIдарехь, оцу герзаша маьршачу нахалахь 35 стаг вийна, царалахь 5 зуда а, 17 бер а долуш, бIеннашкахь бу кассетан герзо лазийнарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG