Йозалла айарехь дуьненаюкъара чемпион волчу Оьрсийчуьрчу спортхочунна Ловчев Алексейна кхидIа спортан къийсамашкахь дакъалаца дихкина Дуьненаюкъарчу йозаллаш ийечу спортан федерацино. 26 шо долу Ловчев допингаш лелорца Iораваьккхина лоьраша-тергамчаша.
Допинг лелийна цо бахначу баттахь Хьюстонехь ша дуьненан чемпион волуш, аьлла ду спортан федерацино дина дIахьедар. Оьрсийчоьнан спортан министра Мутко Виталийс ша сацамна резавацар даржош, ипаморелин олу гормон мелла Ловчевс шена хьалхо хилла чов ерзош, зуламна допинг цо мелла яц, аьлла. Ловчев а санна, допинган комиссино ницкъ совбоккху молханаш маларна бехкебина оьрсийн йозаллашкара спортхой Косов Алексей а, Зубова Ольга а.
“Политикан бух бу сацамца”, аьлла дIахьедина Ловчевс “Ерриг Спорт” цIе йолчу агенталле. Оьрсийчоьнна баттана дихкина ишта а дара дуьненан яйн атлетикан спортехь дакъалаца. Скандал листа керлачу шеран 10-11-чу деношкахь Москох яха лерина ю дуьненан спортера комисси.