ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадна дуьхьаллаьттачу тобанехь иэшам хилла


Шемин эскарарерчу буьйранчаша а, цигарчу диктаторна Асад Башарна дуьхьаллаьттачу тIеман тобанийн векалша а хаамбина, Жайш-ал-Ислам цIе йолчу оппозицин дакъойн лидер Iаллуш Захроун а, цуьнца цхьана массех буьйранча а вийна аьлла. Демаьшкана гена доццуш оппозицин лидерш цхьаьнакхеттачу меттигна кеманаша динчу тохаро байина уьш, хьостанаша бахарехь. Асадна дуьхьаллаьттачу тобанех уггаре йоккханиг ю Жайш-ал-Ислам.

Шемин коьртачу шахьарна гергахь куп тоьхна, тIеман куьйгалло деш ю цуьнан урхалла. Асадан эскаршна дуьхьалояр дуьйцуш хилла буьйранчаш, царна тIе ракеташ йиттича. Хьолан тергоечу Шемарчу бакъоларъярхоша шайна билгал ца даьлла боху тохар дина кема Оьрсийчоьнан ницкъехь дара я дацара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG