Пакистанан малхбузенан декъерчу Мардан гIалахь паспорташ лучу урхаллехь нах рогIехь лаьтташ эккхийтардина вийна 18 стаг. Маршо Радион Пакистанерчу Машаля-сервисна интервью луш Мардан провинцин полицин гIовса Вазир СаIида хаийтина эккхийтаро лазийна а ву 28 стаг, аьлла.
Цкъачунна ца къаьстина полисхошна, иккхинарг молханах вулавелла стаг ву, я зуламечу коьчалца эккхийтина мотоцикл ю. Машаля-радионе дIахьедар даийтина меттигерчу Талибанан дакъа ларалучу ДжамаIат уль АхIарар тобано, эккхийтар ша дина аьлла. Муьлхачу Iалашонца дина зулам кхеташ дац, боху агенталлаша.