ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нахана кхерамаш туьйсу Кадыровс


Шо дерззале Венехь митинг хIоттийначу нехан Нохчийчуьрчу гергарчаьрга ша жоп доьхур ду, аьлла меттигерчу телевизионехула мехкан администраторо Кадыров Рамзана.

Шена резадацар интернетан, телефонан машанашкахула дIакхайкхийна нах тIе а балабойтий, халкъана хьалха Кадыровс уьш гезбахар ца тар, даймахкарчу бахархошна демократин мехаллаш эшийна хилар дара Венерчу гуламехь нохчаша дIакхайкхийнарг.

Амма цхьа нохчий хилла а ца Iа Нохчийчуьра Iедал шогаллехь Iорадохург. «Репрессеш шоръелла. Нохчий къадбелла кхера» - хаамбо, масала, Дуьненаюкъара кризисаш толлучу тобан Къилбаседа кавказан проектан директоро Скирянская Екатеринас зорбанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG