ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керланаш

Мигранташ совцо гIерта Дани а, Швеци а

Германин дозанца цхьана ханна талламаш бар юкъадоккху шаьш аьлла дIахьедар дина Данин Iедалша. Цу пачхьалкхан премьер-министро Расмуссен Ларса динчу дIахьедарца, Скандинавин пачхьахкаша дIакъовлу шайн дозанаш, Дане кхача гIертачу мухIажирашна дуьхьало яр Iалашонца. France-Presse агенталло бинчу хаамца, дозанехь таллам бар юкъадоккхуш ду 10 денна. Амма и хан кхин дIа а яхъян мегаш ю. Хьалхо Швецино долийна шайн Даница долчу дозанехь кехаташ таллар.

Цуьнан Iалашо ю барам боцуш дукха цу махка оьхуш болу мухIажираш совцор. Швецин Iедалша дIахьедар дина, цхьа а терго а йоцуш шайн махка оьхучу мигранташца ларалуш дац шаьш аьлла. 2015-чу шарахь Швецино тIеэцна 160 эзар мухIажир, ткъа Данино тховкъело еллачу нехан терахь ду 18 эзар стаг. Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло критика йина Данина а, Швецина а, цара кхерам тесна Шенгенан зона хиларна аьлла. ДIадаханчу шарахь Европе кхаьчна цхьа миллион сов мигрант. Коьртачу декъана уьш бу Шемара а, Иракъера а, ОвхIанистанера а бевдда нах.

ДЕРРИГ КЕРЛАНАШ

Бомба йиллина аьлла кехат а кхачна, теллина Абхазера Оьрсийчоьнан векалт

Абхази

Ша-шена пачхьалкхан статус кхайкхийначу Абхазерчу Оьрсийчоьнан векалт эккха кечъеш, бомба ю йиллина, аьлла, баьржина хаам бакъ ца хилла, аьлла мехкан полицехь.

Оьрсийчоьнан векалт лаьтта Сухумера Аидгыларан урам бара делккъехь къевлина, векалт толлуш яра жIаьлешца.

Iуьйранна 11 сахьт долуш кхаьчна хилла телефонехула векалтан гIишлонах бомба йиллина боху хаам Абхазин чоьхьарчу гIуллакхийн министралле. Ткъа цул а хьалха, селхана сарахь, электронан кехатехула изза хаам кхаьчна Оьрсийчоьнан дипломаташка а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн ницкъаша а, мехкан кхерамзаллин урхаллерчу говзанчаша а, Орцан министралло а теллина Оьрсийчоьнан векалт а, цунна гонахара меттигаш а, амма оьккху коьчал ца карийна.

ХIири Цкаев Владимир вер луьстучу кхело меттахIоттош бу шен болх  

БуьритIера Ленинан кIоштара кхел деношкахь кхидIа а листа гулллур ю Цкаев Владимир верах долу дов. И хаам кхаьчна "Кавказ.Реалиига" вийначун зудчуьнгара.

Кхелан-медицинан экспертиза юхаяйтар дехначу цхьана адвокатан дехарца юкъахъяьллера кхел стохка гурахь. Болх болор бу кхело Мангал-беттан 10-чу дийнахь.

"Экспертизин жамI кхелахоша довзуьйтур ду. Амма кхеташ дац, стенна эшна цунна 7 бутт, иза дуьххьара еш экспертиза а ца хилча? " - аьлла къадийра Цкаева Земфирас нийсо йийриг хиларх йолу шеко.

2015-чу шеран гурахь шен цIера вигина Цкаев Иристонан кIоштарчу полицин белхахоша. ШолгIачу дийнахь гергарчарна цуьнан дакъа карийна гIалин моргехь – йиттина ларш хилла тIехь. Оццу деношкахь, Лахьан-беттан 2-чохь Владимиран кхалхарх лаьцна Iедале хаттам беш, гуламе бевлира ЦкаевгIар.

Кхо шо даьлча бен аьтто ца баьлла Цкаевх йисинчу Земфирин шен майра верца доьзна бехктакхаман дов айдайта. 10 полисхо леван волийра. Царех дукхахберш кху тIаьххьарчу хенналц болх беш Iийна шайн даржашкахь. ХIинца уьш бехкебо шайга еллачу бакъонел совбавларна а, тоьшаллаш галдахарна а, ларамза стаг верна а.

Стохка гурахь кхело совцийра ладегIарш, бехкебечех цхьаьннан (Цугкиев Азаматан) адвокатан Багаев Юрийн дехарца керла экспертиза яккха. Ткъа Цкаева Земфира тешна ю дов листар леррина сецадо бохучух. Цунна гарехь, зулам диначех цхьаберш ийзош а бац жоьпе.

Динозавран ларш толлуш бу Ставрополера Iилманчаш

Iилманехь шех игуанодон олучу саьрмакан ларш карийна Ставропол-махкахь, миллионаш шераш хьалха яьхначу оцу дийнатан ларш хIинццалц хааелла а яцара Оьрсийчоьнан территори тIехь, боху геофизикаша.

Ларш физикан а, химин а буха тIехь толлуш ю карарчу хенахь. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" хаам бира Къилбаседа Кавказан федералан университетан геофизикан а, пайде маьIданаш толлучу а кафедрин доцента Якушев Валерийс.

"Цхьайолчу хьосташа бахарехь, и тайпа ларш цкъа а ца хааелла Оьрсийчоьнан лаьтта тIехь, амма карийна Туркменистанехь а, Гуьржийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а", - дийцира Iилманчас.

Ставрополна хи латточу хьукматан декъа тIехь лаьттачу экъанца йисина 120-140 миллион шо хьалха динозавро йитина лар – кхо тонн езачу дийнатан тIодийн кхо сурт ду дуьйцург.

"Бердах пхи метр чуяхна йолчу экъанца ю и ларш", - билгалдаккхира Якушевс.

И экъа, молу хи латточу территори тIера дIа а яьхьина, нах хьийсийта, гергарчу цхьана парке охьайилла лаам бу Ставрополерчу Iилманчийн. Амма еза а, йоккха а ю экъа, цундела атта дац лаам кхочушбан.

Къилбаседа Кавказехь дуккха а ю палеонтологийн тидам тIебахана меттигаш. Масала, Кхарачой-Чергазийчохь, Джигута хин Iинца карийна хIорда чохь баьхначу саьрмакан, ихтиозавран, букъдаьIахк. Массех ю Кавказехь дуьнентIе дуьххьара девллачу олхазарийн-гигантийн чалхаш карийна меттиг.

Дагестанерчу Буйнакскан кIоштахь шен воI вийна дас

Гайтаман сурт

Даьллачу девнехь шен кIант вийна дас Дагестанерчу Буйнакскан кIоштахь. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалто бахарехь, некхах тоьхначу герзах кхачийна лазийнарг дарбан хIусаме, цигахь дIаваьлла.

Дас талламе динчу дарешкахь дийцина, шен кIант ткъа шо сов хан яра наркотикех веттало, цIахь-чохь зуламаш деш хьийзара, гергарчаьрца маьттаза лелара, царна байа кхерамаш туьйсура, аьлла.

ВоI вийнарг лаьцна ву, къастош бу цуьнан кхидIа хинболу кхоллам.

"Кавказ.Реалиино" хьалхо бовзийтира оцу хиламах тера бохам. ЦIеххьана иккхинчу девнехь Дагестанерчу Ахтын кIоштахь дас топ тоьхна вийра шен кIант, дарбан хIусамехь велира иза. Шен воI "харцхьа лелара, дега-нене ладугIуш вацара", аьллера лаьцначу дас.

"Патриот" могуш-маьрша ву". Кадыровс бакъ ца до Нохчийчоьнан вице-премьер цомгуш хилар

Нохчийчоьнан вице-премьер Висмурадов Абузайд коронавирусах цомгуш а хилла, дарбан цIийне кхачийна аьлла яьржина информаци харцйина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Хан - 22.40, Патриот соьца кхузахь хиъна Iа, вуьззина могуш а ву, кхача диканиг а бу", –хеза chechnyatoday.com сайтерчу видео чохь Кадыровн аз.

Ресурсо билгалдоккху и видео мехкан куьйгалхочо ша яьккхина хилар. Тоьшалла арахецнарг ву «Грозный» телекомпанин директор Дудаев Ахьмад. Ткъа Кадыров гуш вац кадрехь.

Еарийн сарахь, Мангал-беттан 4-чохь, хаамийн гIирсаша, телеграм-каналашна тIе а тевжаш, даржийра, Висмурадов ("Патриот") коронавирусо лаьцна, дарбан хIусамехь ву, аьлла.

"Висмурадов Абузайд Соьлж-ГIалахь дарбан хIусамехь Iуьллу коронавирусан битамашца, цуьнгара хьал хало ду", - яздора, масала, "112" телеграм-канало.

Хаам бакъ бина а, я харц а ца бина официалехь.

Хьалхо даьржира, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Москварчу клинике виллина коронавирусах цомгуш хиларца, аьлла. Амма Iедалхоша бакъ ца дира иза.

Денош девлча, оцу хьокъехь дIахьедира ша Кадыровс: «Со цомгуш хила адам дац, миллионашна дуьнентIехь коронавирус кхетта хилча, иттанаш эзарнаш белла хилча?" – аьлла.

Пресса: Нохчийчоьнан вице-премьер Висмурадов дарбан хIусаме кхачийна коронавирус кхетарх йолчу шеконца

Висмурадов Абузайд а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан вице-премьер, лерринчу ницкъийн «Терек» декъан буьйранча Висмурадов Абузайд, коронавирусах цомгуш хиларх шеко йолуш, дарбан цIийне кхачийна. Оцу хьокъехь информаци яржийна массех хаамийн гIирсо, телеграм-каналашна тIе а тевжаш.

"Висмурадов Абузайд Соьлж-ГIалахь дарбан хIусамехь Iуьллу коронавирусан битамашца, цуьнгара хьал хало ду", - яздо, масала, "112" телеграм-канало.

Хаам цкъачунна бакъ а ца бина, я харц а ца бина официалехь.

Хьалхо даьржира, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Москварчу клинике виллина коронавирусах цомгуш хиларца, аьлла. Амма Iедалхоша бакъ ца дира иза.

Денош девлча, оцу хьокъехь дIахьедира ша Кадыровс: «Со цомгуш хила адам дац, миллионашна дуьнентIехь коронавирус кхетта хилча, иттанаш эзарнаш белла хилча?" – аьлла.

Доллар 90 соьме, белхазалла 8 проценте кхочур ю, боху экономисташа

Карара шо доьрзуш ахча, дай а делла, цхьана долларх 90 сом лучу кхача тарло, боху макроэкономикан зерийн а, сихха прогноз хIотторан а Центро (ЦМАКП). Цунна гарехь, коронавирус гурралц лаьттар ю зенаш деш – иштта ю Центро хиндолчух хIоттийначу кхаа сценарех цхьаъ.

  • Коьрта сценарий. 2020-чу шеран уьссалгIачу а, итталгIачу а беттанашкахь карантин кхайкхор ю юха а. ТIедогIучу шарахь белхазалла хир ю 8% кхочуш, ткъа 2022–2023-чу шерашкахь - 7%. Алапаш кхушара лахлур ду 4,5–4,8%, ткъа кхиа дуьйлалур дац 2023 -чу шарахь бен. Долларан барам лаьттар бу 90 соьманна гергахь.
  • Ирча сценарий. Оьрсийчохь карара шо доьрзуш йолаелла, тIедогIучу шеран бIаьсттеналц лаьттар ю уьнан рогIера карантин. Мехкдаьттан, газан мах лахара латтар хир бу дуьненан экономикан кризисан хьалхара битам. Оцу хьелашкахь вуно бале хир ду хьал Оьрсийчохь – белхазалла кхочур ю 10,5–10,7% кхушара, ткъа тIедогIу шо доьрзучу муьрехь - 9,0–9,5%. Долларан курс 100 кхочур ю.
  • Хуьлийла луу сценарий. Кху беттан юккъехь чекхйолу нехан изоляци. Коронавирусан шолгIа тулгIе хир яц. Сихха меттахIуьтту мехкдаьттан мехаш, хир яц дуьненан экономикехь кризис. Белхазалла 5,3–5,6% хир ю, тIедогIучу шарахь кхиа дуьйлалур ду алапаш 0,5–0,7%. Карара шо чекхдолуш долларан мах 85 соьме кхоччуш бен хир бац, 80 соьме охьабер бу тIаьхьо.

"2009 шарахь хиллачу кризисо 8% кхачийра белхазалла. Кху кризисо сов лакхайоккхур яц белхазалла. Нехан рицкъ лахдалар хир ю коьрта проблема ", – аьлла РБК агенталле Оьрсийчоьнан халкъан бахаман академин (РАНХиГС) прогнозиста-Iилманчас Ляшок Виктора.

Белхазалла 8–10% кхачар тIех кхераме дац, аьлла хета оццу академерчу къинхьегаман хьелийн а, пенсийн системийн а лабораторин куьйгалхочунна Гришина Еленина. "Хьал халачу дала тарло, нагахь санна белхазалла лакхарчу тIегIанехь сов дукха латтахь", - аьлла цо.

Кадыров: "5G юьйцу аш, 4G-станцеш а яц вайн-м тоъал"  

Нохчийчохь зIенан 5G-станцеш ю дIахIиттош, аьлла яьржина информаци харц ю, хаам бина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехула.

Керлачу технологино адамийн могашалла талхайо, бохуш, даьржинчу хабаран хьокъехь цуьнан къамел хилира "Грозный" телеканалан директорца Дудаев Ахьмадца ечу эфирехь.

"Масала, Нохчийчуьрчу Роскомнадзоран урхаллин куьйгалхочо Мунаев Адама яц боху йохкуш я вайн махкахь а, я Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а 5G- станцеш. Уьш яхка оьшу коьрта хьал а дац нисдина – зIенан канал". Иштта довзийтира Кадыровс шена оцу хьокъехь хиинарг.

Нах 5G йийца бевллехь а, яц Нохчийчохь массо а метте дIасакхочуш ур-атталла 4G-зIе а, "телефонан операторшца и зIе шоръяр дийцаредеш Iа тхо", - элира Кадыровс.

Цо бахарехь, мехкан маьIданаш толлуш лелачу гелогийн техника гинчу наха даржийна эладита.

"5G-станцеш ца яхкийта" арабевлира хьалхо Дагестанерчу Керла Чиркей юьртара бахархой, шайн юьртара телефонан станци йохаяй дIаяккха, бохура наха. 5G зIе ю юьллуш бахар бух боцуш хабар ду, цхьана зуламечу Iалашонца даржош а ду иза, юьйцу станцеш махка кхача аьттехьа а дац, жоп делира бахначу баттахь Дагестанан зIенан министралло.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Ногир юьртан йистехь ягийра бахархоша шайн кхетамехь "са мел долчу хIуман заррат йохош йолу" МТС компанин зIенан станци Стигалкъекъа-беттахь.

Оцу юкъанна дохкархоша рекламе даьккхина 5G-нах адам лардеш долу крем. Оцу креман жимачу гIутакхах Ставропол-махкахь 2000-4500 сом доьху, Дагестанехь – кIезиго.

Iаламо баьхна хьовзамаш луьстуш ю Нохчийчоь

Нохчийчуьра Орцан министраллин белхахой хьийза селхана сарахь (Мангал-беттан 3-чохь) карзахдаьллачу Iаламо бина бохамаш луьстуш.

"Цхьайолчу меттигашкахь даккхий догIанаш даьхкина, къора тоьхна, цаьрца цхьана ирча мох а лаьттина. Дитташ, рекламин аннаш, цIенойн тхевнаш, тоькан бIогIамаш, газан биргIанаш йохийна. Оперативан штаб кхоьллина оха тIаьхьало луьстуш. Кадыров Рамзанан тергонехь ду хьал", - боху Орцан министраллин урхаллерчу пресс-векалто.

Цо билгалдоккху, шайн белхалой юкъара коммуникацеш а, нехан тхевнаш а тодан арабевлла лелаш хилар.

Къилбаседа Кавказ, де-буьйса : 11 стаг велла уьнах, 564 – цомгуш хилла

ДIадахначу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 11 вахархо. Цомгуш хилла кхин а 564 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, кхо стаг кхелхина Ставропол-махкахь, шишша – ГIалгIайчохь, Краснодар-махкахь, Кхарачой-Чергазийчохь, Г1ебарта-Балкхаройчохь. COVID-19 ун даьржичхьана схьа велла регионехь 541 стаг.

Дагестанехь ду уггаре дукха дараш– 122 стагаца гучуяьлла коронавирус дийнахь-буса.

  • Дагестан +122 (5 463 юьхьанца схьа)
  • Ставропол-мохк +86 (2 819)
  • Краснодар-мохк +80 (4 148)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +78 (1 354)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +74 (3 126)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +47 (3 151)
  • Адыгей +33 (937)
  • ГIалгIайчоь +31 (2 228)
  • Нохчийчоь +13 (1 291)

24 517 стаг ву юьхьанца дуьйна схьа уьнах цомгуш хилларг Къилбаседа Кавказехь. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 441 108

"ЦIечу зонехь" болх барна лоьрашна догIу ахча Къилбаседа ХIирийчохь массанхьа а дац дIалуш

Къилбаседа ХIирийчоьнан прокуратуро Iорадаьккхина махкарчу кхаа дарбан хIусамехь корнавирусна дуьхьаллаьттачу лоьрашна, церан болх кхераме хиларе терра, тIетухуш долу ахча делла дацар. Оцу хьокъехь "Кавказ.Реалиига" дийцира республикерчу прокуратурин пресс-векалто.

"ЦIечу зонехь" болх барна тIетуху ахча шайна ца делла аьлла, арздина "Осетия" санаторин а, психиатрин дарбан хIусаман а, катастрофийн медицинан центран а белхахоша. Церан латкъам бакъ карийна прокуратурана.

Хьалххо изза харцо гучуяьккхира низамхоша Къилбаседа ХIирийчуьрчу республикан клиникан дарбан хIусамехь а (РКБ), орцан медицинан клиникехь а (КБСП).

"ЦIен зона" олу коронавирусан ун кхетта вуно вочу хьолехь болу дархо чохь болчу дарбан х1усамах а, дарбан х1усаман декъах а.

Оьрсийчуьрчу рэперо ах миллион сом хьажийна коронавирусах бала хьоьгучу Дагестане

Рэпера Алексеев Ивана (псевдоним Noize MC) ша язйинчу керлачу эшарх шена хиллачу ахчанах дакъадина коронавирусана дуьхьаллаьттачу Дагестанерчу дарбан хIусамашна.

"Вай тайп-тайпана ду, оцо дукха хьолехь новкъарло а йо вайна юкъара мотт каро. Делахь а, вай лулахой ду кху йоккхачу пачхьалкхехь. Цхьана хIусаме бохам боьссича, буссу иза лула а ", - аьлла Алексеевс, ша муьлхачу ойланца екъна шен гонорар дагестанхошца дуьйцуш.

Цо бахарехь, яьккхинчу керлачу эшарх цунна делла аванс ду Дагестане хьажийнарг – ах миллион сом. И ахча дIакхаьчна республикерчу лоьрашна гIоьнна схьайиллинчу "Вблагодарность" ("Диканна дуьхьал") цIе йолчу фонде.

Ала догIу, ша ахча хьажош, Алексеевс аьлла дешнаш ду Дагестанан къаьмнех болчу суьйлийн маттахь.

Шен майрачун тIехьийзачу зудчух цIейиллинарг лаьцна Дагестанехь

Дагестанерчу Левашин кIоштахь адам сов къизачу кепехь ден гIортарна лаьцна меттигера яхархо.

Талламан комитетан Дагестанерчу урхалло бечу хаамца, зудчун дов иккхина шен майрачуьнца а, цуьнан езарца а Леваши юьртайистехь байначу беттан 26-чу дийнахь. 42 шо долу иза летта цIийндеца машена чохь яйначу зудчух.

"Лаьцначо дов даьккхина шен майрачуьнца, ткъа цуьнца хилларг ягон гIоьртина, тIе бензин а тоьхна, сирник а тесна", - боху талламчаша.

ЖамI – алссам дегI даьгна "езаран", иза халачу хьолехь ю.

"Кавказ.Реалиина" бакъ карийра и информаци Левашин кIоштарчу хьосташкахула. Цара бахарехь, зудчунна хууш хилла шен майра кхечунна тIехьийзаш вуйла, "иза чуьраяьлла шена уьш цхьаьна гича".

Берийн ахчанна кехаташ дIаоьцуш хир ду Нохчийчохь ГIадужу-беттан 1-ра де тIекхаччалц

Оьрсийчоьнан Пенсин фондан Нохчийчуьрчу урхаллин куьйгалхочун когаметта йолчу Тарамова Хадижата бахарехь, махкахь берийн ахчан кехаташ чудала йиш хир ю нехан ГIадужу-беттан 1-чу дийне кхаччалц.

Цо дийцарехь, и болх берзош бу, бохуш, интернетехула хьехадо Мангал-беттан 5-гIа де – иза харц информаци ю.

Тарамовас дийцарехь, президентан Путин Владимиран омрано юьйцучу хенара бераш долчу массо а доьзалшна луш ду ахча.

"Пенсин фондан белхахой, ярташка а лелаш, гIодеш бу оьшу кехаташ цхьацца бахьаница нийса кечдан хууш боцчу бахархошна", - боху "Грозный-информо", хьаькаман дешнашна тIе а тевжаш.

Кхаа баттера кхаа шаре кхаччалц долчу берашна 5 эзар сом лур ду пачхьалкхо, элира Путина Стигакъекъачу-беттан 11 дийнахь. Ткъа 3-15 шераш кхаьчна бераш долчу доьзалшна лур ду 10 эзар сом. Иштта сацам бира президента Оьрсийчоьнан бахархой, коронавирусах ларлуш, цIахь совцо дезча.

70 оьккху коьчал карийна сапёрашна байначу баттахь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Нохчийн а, гIалгIайн а мехкашкахь 400 гектар юьртабахамийн латта оьккхучу герзах мукъадаьккхина тIеман сапёраша, элира "Кавказ.Реалиига" Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан пресс-векалтехь.

Оьккху герз дIалахьочу тобано леррина Iамийначу жIаьлийн гIоьнца кара а йина, хIаллакйина 70 коьчал: минаш, хIоьънаш, гранаташ.

Массех шо ду Кавказера тIеман го бIаьсте яьлча гурралц латта герзах цIандеш схьабогIу.

ТIеман гонан векалша дийцарехь, сапёраша теллина аренаш а, хьаннаш а ю 20 эзар гектар. Амма буьззина ши мохк цIанбан шераш оьшур ду эскархоша.

31 стаг велла, 530-нна ун кхетта дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах тIаьххьарчу дийнахь-буса велла 31 вахархо. Цомгуш хилла кхин а 530 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, 16 стаг кхелхина Дагестанехь, ялх – ГIалгIайчохь, кхоъ – Ставропол-махкахь, шишша – ГIебарта-Балкхаройчохь а, Краснодар-махкахь а, цхьаъ – Нохчийчохь. COVID-19 ун даьржичхьана схьа велла регионехь 536 стаг.

Хьалха а санна, уггаре дукха бу дийнахь-буса ун гучудаьлларш Дагестанехь – 113 стаг.

Сурт иштта ду:

  • Дагестан +113 (5 341 юьхьанца схьа)
  • Краснодар-мохк +81 (4 068)
  • Ставропол-мохк +80 (2 733)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +74 (3 052)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +72 (1 276)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +49 (3 104)
  • ГIалгIайчоь +33 (2 197)
  • Нохчийчоь +14 (1 278)
  • Адыгей +14 (904)

COVID-19 уьно лаьцна Къилбаседа Кавказехь юьхьанца дуьйна схьа 23 953 стаг. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь ду 432 277.

Лийча дихкина ХIинжа-ГIаларчу хIордайистошца

Халкъан хьашташна тIехьожучу урхаллин (Роспотребнадзоран) Дагестанерчу декъо дихкина ХIинжа-ГIаларчу хIордайистошца лийча: доьазза совъевлла хи чохь чуьрийн лазар даржош йолу бактереш.

Бехкам юкъаболу ГIуран-беттан 10-чу дийнахь дуьйна. ХIордайистонца оцу хьокъехь баннерш хIиттор а, садоIучу нахе мегафонашкахула хаамаш бар а тIедожийна луьйчийлийн дайшна, боху Роспотребнадзоран пресс-векалто.

Зуламе бактереш яржар дузу хьукмато Таркхойн хIорда чу IаьIна нехаш, боьхаллаш кхуьйсуш хиларца.

Хин хьал цкъачунна зийна дац кхечу меттигашкарчу хIордайистошца. ЖамIаш довзуьйтур ду кху беттан 20-чохь.

ТIеман министр Шойгу – "Къилбаседа ХIирийчоьнан лараме вахархо"  

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава Оьрсийчоьнан тIеман министрах Шойгу Сергейх шайн мехкан "лараме вахархо" веш омра арахецна.

"Къилбаседа ХIирийчоьно бина ца Iаш, ерриг а Оьрсийчоьно ларам бо Сергей Кужегетовичан, тIеман а, пачхьалкхан а куьйгалхошлахь лаккхара сий долучех ву иза", - билгалдаьккхина Битаровс шен инстаграм-агIонехь Мангал-беттан 3-чу дийнахь.

Цо бахарехь, Шойгу коьртехь а волуш, Оьрсийчоьнан Орцан урхаллин (МЧС) ницкъаша кхерамзалла, къаьмнийн барт латторехь гIодира хIирийн-гуьржийн конфликт иккхинчу 1990-чу шерашкахь.

"ХIинца, ша тIеман министр волуш, цо гIо до тIеман инфраструктура кхиош а, вайн кегийрхошлахь тIеман патриотизм яржош а. Шойгун омрица БуьритIехь еш ю тIеман госпитал а, Суворовн цIарахчу Къилбаседа Кавказан тIеман доьшийлан керла комплекс а", - яздо Битаровс.

Къилбаседа Кавказера биъ мохк бу кхиамийн боларца Оьрсийчохь уггаре ледарчех

ГIалгIайн, кхарачойн, чергазийн, хIирийн, гIебартойн, балкхаройн мехкаш бу аутсайдерш социалан а, экономикан а кхиамаш бовзуьйтучу федералан рейтинган тIаьххьарчу могIаршкахь. Иштта гойту хьал экономикехь 2019-чу шеран боларо. Иза довзуьйтина "РИА-Рейтинг" агенталло.

Кавказан мехкашлахь массарел ледара ю ГIалгIайчоьнан экономика, Оьрсийчуьрчу регионийн 85 меттигах цунна кхаьчна 82-гIаниг. Рейтингехь 81-ра ю Кхарачой-Чергазийчоь, 78-гIа – Къилбаседа ХIирийчоь, 77-гIа - ГIебарта-Балкхаройчоь.

ГIеххьачул лакхахь ю Дагестан а (57-гIа меттиг), Нохчийчоь а (68-гIа меттиг). Амма Кълбаседа Кавказерчу федералан гонехь уггаре дика хьал ду Ставропол-махкахь – иза 30-чу меттехь ю.

Хьалхо Къилбаседа Кавказера мехкаш (Ставропол-мохк боцург) белхаш бацарца хьалхабевлира " РИА-Рейтинго" динчу хьесапашкахь. Уггаре эшна дахар махкахь хиларца билгалъелира тIаьххьарчу рейтингашкахь Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIалгIайчоь.

Терроризмана бехке еш, лохуш ю Нохчийчоьнан яхархо

Гайтаман сурт

27 шо долчу Саламова Залимина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдина Нохчийчохь. Шемарчу террорхошца уьйр тасарна беке йо иза, хаам бо ИА REGNUM агенталло, махкарчу ФСБ-н урхаллин пресс-векалтанна тIе а тевжаш.

Цо бахарехь, 2015-чу шарахь Шема а яхана, цигарчу террорхойн гIеранах дIакхетта йоI.

Карарчу хенахь федералан а, дуьненаюкъарчу а хьукматашкахула лаца кхайкхийна ю Саламова.

DW: Оьрсийчоьно жоп ца делла Хангошвили верца доьзна Германино шега динчу хеттаршна

Нохчийн тIеман баьччашлахь лелла Хангошвили Зеламха (Кавтарашвили Торнике) Берлинехь верца доьзна, шега динчу хеттаршна жоьпаш ца дахкийтина, уьш кхачаре сатуьйсуш Iа Германин талламийн урхалла, яздо Deutsche Welle газето.

Хеттарш Берлинан прокуратуро хьийсийна Москва 2019-чу шеран Дечкен-баттахь, "дисина Оьрсийчоьно кхоччуш жоьпаш даланза", аьлла Германин юстицин министралло шега гIуллакхан хьокъехь кехат дахьийтинчу бундестаган депутате Дагделен Севиме. Оцу хьокъехь хаам бина dpa агенталло.

Хангошвили Зеламха вийра тапча йиттина Берлинерчу Жима Тиргартен паркехь 2019-чу шеран Марсхьокхучу-беттан 23-чу дийнахь. Оьрсийчоьно терроризманна бехке лорура Хангошвили. Шена Гуьржийчохь шозза тIелатар дича, Германе дIавахара иза. Зулам динарг хила тарлуш волу герзахо лецира нохчо вийначу сахьташкахь – Оьрсийчоьнан вахархо ву иза, дагадоуьйту Deutsche Welle газето.

Юьхьанца зулам толлуш яра Берлинера прокуратура, амма гIуллакх шега дIаийцира пачхьалкхан коьртачу прокуратуро – иштта нисло зулам кхечу пачхьалкхерчу къайлахчу сервисаша дина хилар тусаделча.

Германин Iедало дуккхаза а бехкаш дехкина Оьрсийчоьнна, цо шега хьийсийначу хеттаршна жоьпаш луш дацарна. Берлинна гарехь, дуккха а бу Оьрсийчоьно я Нохчийчуьрчу Iедало Хангошвили вейтина ала могуьйту битамаш. Оцу бахьанца Германино Оьрсийчу юхахьажийра цуьнан ши дипломат. Амма Москвара а вахийтира, персона нон грата а кхайкхийна, Германин ши векал Берлине цIа.

66 бер дина Дагестанерчу Каспийскехь ковид-лазархойн дарбан хIусамехь

Шина бетта чохь Каспийскехь COVID-19 ун кхеттачу доьзалхойх болчу зударша дина 66 бер, боху Дагестанан могашаллин министраллин пресс-векалто.

Иштачу зударшна шайнна къастийна ю гIалахь цхьа дарбан хIусам. Карарчу хенахь цигахь ду ун кхеттачу зударша дина 18 бер. Церан могашаллина сагатдо лоьраша.

"Берех бархI халачу хьолехь ду. ДегI сов дайн хилар а, дечу хенахь лазор а ду бахьанаш", - боху хаамехь.

Урхалло яздарехь, коронавирус шайца карийна а ду дуьйцучех цхьадолу бераш.

ТIаьххьара болчу хаамца, 5228 стаг ву Дагестанехь тесташа ун шайца хилар гайтина.

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла 23 стаг, ун кхетта 558-нна

Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 23 вахархо. Цомгуш хилла кхин а 558 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, 11 стаг кхелхина Дагестанехь, 6 – Къилбаседа ХIирийчохь, 2 – ГIалгIайчохь, 1 – Ставропол-махкахь. COVID-19 ун даьржичхьана схьа велла регионехь 505 стаг.

Хьалха а санна, уггаре дукха ду дараш Дагестанехь – 132 стагаца хааелла коронавирус дийнахь-буса.

  • Дагестан +132 (5 228 юьхьанца схьа)
  • Ставропол-мохк +85 (2 653)
  • Краснодар-мохк +79 (3 987)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +75 (2 978)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +67 (1 204)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +50 (3 055)
  • ГIалгIайчоь +37 (2 164)
  • Нохчийчоь +17 (1 264)
  • Адыгей +16 (890)

Верриг а коронавирус хьакхаелларг ву Къилбаседа Кавказехь 23 423 стаг, Оьрсийчохь - 423 741.

2019-чу шарахь ахча IаIорца рекорд яьккхина Кадыровн фондо

фонд Кадырова

Стохка Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу Нохчийчоьнан юкъараллин фондехь IаьIна цкъа а ца хиллачу хьесапехь дукха са - 6,075 миллиард сом. Оцу хьокъехь "СПАРК-Интерфакс" базехь шена карийна информаци яржийна "МБХ Медиа" портало.

Шера чохь фонде хьийсийначу ахчанийн барам хьалакхиина 2,7-зза, 2018-чу шарахь фонде хьажийна хилла 2,2 миллиард сом. 300 миллион сом гергга ахча даьккхина совдегаралла лелош ша фондо а.

2012-чу шарахь йолаелла фонд шен хьал довзуьйту кехаташ хIитто. Оцу хенара дуьйна схьа цкъа а гулделла дацара фонде 6 миллиард сом.

Ахча дайарх йолчу информацица, стохка Кадыровн фондо 2,8 миллиард сом хьажийна нехан хьашташна, дина сагIанаш. Ша фонд латтош а, цуьнан белхахошна алапа луш а дайина 71,6 млн. сом.

Официалерчу информацица, Кадыровн фондан долахь ю йохк-эцаран а, нехан хьашташ кхочушдаран а 10 компани. Амма ахча дIасалеларх дерг хууш дац кхаа компанера бен: "Мегастройинвестера", "Нохчийн аьрга хишкара", мерза ша бечу "Айсбергера".

Кадыровн фонд дуккхаза а хьехийна, ахча цо нахера "лаамехь-лаамза" доккху бохуш, амма Кадыров Рамзана цкъа а ца дина иза бакъ.

2004-чу шарахь кхоьллира Кадыров Ахьмадан цIарах фонд. Официалехь шен Iалашонашка диллира цо бахархошна сагIанаш дар а, Нохчийчохь белхан меттигаш кхоллар а.

ГIалгIайчохь оршотан дийнахь стаг вер чIирца дузу талламо

Мангал-беттан 1-чу дийнахь Яндаре юьртана гергахь Падиев Башир вийна хила тарло чIир оьцуш. Иштта ю талламчийн верси, хаам бина "Кавказ.Реалиига" ГIалгIайчуьрчу Таламан комитетан урхаллин векало.

"БатIал-Хьаьжин вирдера мурдаш бу уьш. Дуккха а хан ю царний, вийначун доьзалний юкъа дов доьлла", - элира хьосто.

Хаийтина ма-хиллара, федералан "Кавказ" некъа тIехь иккхина инцидент. 41 шо долу бизнесхо Падиев хилла шен Chevrolet машенахь, цунна маса топ йиттина цуьнца дIанисъеллачу Lada Granta машена чуьра.

Полисхошкахь йолчу информацица, лазийначун аьтто баьлла машен меттахъяккха, амма дIатоьхна иза некъ боькъучу духьалонах. Герзахочо, машена чуьра охьа а иккхина, кхин а тIе герз диттина Падиевна.

Цул тIаьхьа ша зулам динчуьра къайлаваьлла тIелеттарг. Хан гена ялале, цуьнан Lada Granta схьакарийна Несарна уллерчу Сурхохи юьртахь.

ЧIир екхарх йолу верси ю талламчаша зуьйш. 2014-чу шеран бIаьста вийначу Падиевн вашас, Хизара, дов иккхинчохь чевнаш йинера кхаа вешина ОлиговгIарна, цхьаъ царех, 41 шо кхаьчна Олигов Iиса велира.

Падиев Хизарна кхело 2015-чу шарахь 6 шо хан туьйхира набахтин луьрачу хьелашкахь такха.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG