Пхеа шарана лерина ю, кху деношкахь Оьрсийчоьнан Iедало тIеэцна йолу и программа. И омар арахецна премьер-министра Медведев Дмитрийс. Федералан бюджетера цу гIуллакхан хьажора ду 1 миллиард 600 сов миллион сом.
Оцу ахчанех пачхьалкхехь кхуллура ю бахархой Iедална муьтIахь кхиоран, кхечу дешнашца аьлча, патриотизман тIегIанехь йолу система. Иза хIоттийна ю аьлла, премьер-министран официалан сайтан тIехь бохуш ду, карарчу хенахь Оьрсийчоьнна хьалхахь йолчу Iалашонашца а, юккъараллера социалан барамца а.
Программан авторш бахарехь, иза болх бан йолаелча, массо а бахархойн: литературехьа а, музыкехьа а, суртдилларан кхоллараллехьа а, гуманитаран а, кхечу Iилманехьа а безам лакхабера бу. Ткъа, кегирхойн дегнашкахь кхуьура ду, текстехь ма аллара: «шайн пачхьалкхах дозалдар а, цуьнан символаш а, историйн еза меттигаш ларар а».
Иштта мехалла лору и программа кегирхошна юккъахь цо бенболчу Iаткъамца а. Кхетош-кхиоран болх жигара баьккхича, эскаран а, ницкъаллийн структурийн а, сий а айделла, цига уьш балха хуьттург хиларна хьежамаш а бу.
Документехь леррина билгалдоккхуш ду, и программа Оьрсийчоьнна тIехоьттинчу халчу хенахь кхочуш еш хилар. Программа дахаре ерзо тIедиллина кегирхойн гIуллакхехула йолчу федерала агенталлан.
И программа, оццула харж а еш тIеэцна аьлла хезча, дукхачу тергамхоша емал йина. Совета заманахь пачхьалкхан гIортор лоручу октябрятех а, пионерех а, комсомолех а тарбан гIерта аьлла хета царах цхьаболчарна. Нохчийн историка Мачигов Альберта бахарехь оцу Iалашонца юккъедаьккхина а ду иза.
Медведев Дмитрийн и программела ши бутт хьалха Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира а омар арахецнера берийн а, кегирхойн а цхьанатохаралла кхуллуш. Цуьнан цIе ю- «Оьрсийчуьрчу дешархойн болам». Кхетош-кхиоран болх цо а бийра бу, оьрсийн юккъараллийн шира мехаллаш бухе а дуьллуш. Историкан Мачигов Альбертан хетарехь, нахера муьтIахьалла еха а оьшура дацара, пачхьалкхехь нийсо ялхьарий.
Иштта чIогIа кегирхой кхетош-кхиоран тIетаьIна Iедал хилар, Мачигов Альбертан хетарехь, хила мегачу тIаман кечамаш бар ду. Кхечу агIора ша иза ца туьду, элира цо.
ТIаьххьарчу иттех сов шарахь, Оьрсийчохь дуккха а кегирхойн боламаш кхоьллинера Iедалан чоьтах. Амма, дуккхах йолу и проекташ дIакъовлура хье а ца луш. Оьрсийн яздархочо Салтыков-Щедрина бIе сов шо хьалха аьлла дешнаш: «Патриотизм юьйцуш бу хIинца! Хетарехь дуккха а лачкъийна!», тахана а шен ирачу маьIанца карладаьлла.