ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Серсачу догIанца дуьненна тийжаш...


Элдин Микаил

***

Серсачу догIанца дуьненна тийжаш,
Патарийн шабаршца лаьмнашна йоьлхуш,
Мецачу кIезанах мохца а цIийзаш,
Шен гIайгIа бухIанан узамца елхош...
Сан махкахь со лоьхуш ю боху-кх Гуьйре...

БIаьрзечу буьйсано гIийла ладоьгIу,
Дуьненахь ша цхьалха йисарна кхоьруш...
БухIано ша санна цхьалхаса лоьху...
Узамца буьйсане орца а доьхуш.
Сан деган хьоь кхайкхар хезий те царна?..

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG