ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тутмакх вийна хилар гучудаьккхина волу ши теш карош вац цхьаьнхьа


40 шаре кхоччуш хан йолу Исраилов Султан, дукха ца Iаш мокъавала везаш вара набахтера. Велле, цо шен вешига кхаъ баьккхина хиллера цуьнах лаьцна. Амма, оццу буса вийна иза. Официала версино ма бохху, ша ирах а оллавелла велла хилар бакъ ца до цуьнца цхьана чохь баьхкинчу наха. Исраиловна тIехь йинарг къизаллийца харцо йина дела, Челябинск кIоштера оцу набахтехь, мацалла а дIакхайкхинера тутмакхаша. Администрацино цунна комментари еш, хаам баржийнера, оцу акцин бахьанаш хууш дац шайна аьлла.

Ткъа цхьаболчу тутмакхийн майралла тоьънера, Исраилов Султан верах лаьцна бакъоларъярхошка дийца. Дуьххьара цуьнах цаьрга къамел динера тутмакха Волошин Николайс. Иза цул тIаьхьа къайлаваьккхина. Масех де даьлча, Исраилов Султан билгала вийна хиларх бакъоларъярхошка къамел динера кхечу тутмакха-Мамаев Анзора. Цунна етташ а, иза дIавуьгуш а хезна дуккха а нах бара, бохуш дийцинера цо. ХIинца иза а вац карош.

Тахана и вайна волу ши тутмакх лохуш ву бакъоларъярхоша. Нохчийчохь а тидам беш бу цу хIуманна. Мальсагова Асет-Нохчийчоьнан Юккъараллийн Кхеташонан декъашхо ю. Нохчийн тутмакхийн гIуллакхаш иза лелош йолу дукха хан ю. Цуьнга хаьттира Маршо Радионо оцу гIуллакхех.

Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а тутмакхийн хьелашна тIехьожуш а, уьш толлуш а иттанашкахь кхеташонаш ю. Амма тахана а, церан бакъонаш кIоршме йохош хиларх, кхин дIа а дийцира Нохчийчуьра Юккъараллийн Кхеташонан декъашхочо Мальсагова Асета.

Иттанаш эзар нохчийн тутмакхаш бу тахана Оьрсийчоьнан цхьацца набахтешкахь чохь бахкаш. Белла дIабовлалца биъ пена юккъахь хан токхуш а бу царна юккъахь шортта. Набахтера могуш-маьрша арабовлар дукхачеран хуьлуш ца хилар тидаме а эцна, нохчийн цхьана тутмакхийн зуда, иза нагахь санна цу чохь вехь аьлла, цуьнан дахаран хила тарлучу эшамах ахча схьаэцаран программе язъелла.

XS
SM
MD
LG