НАТО-но дIахьочу политико кхерам бохьу Оьрсийчоьнна аьлла Кремло дина дIахьедар бух болуш дац аьлла юхатоьхна Къилбаседа Атлантикан Альянсо. Цу кепара комментари йина НАТО-н векло Лунгеску Оанас керлачу Оьрсийчоьнан къоман кхерамазаллин стратегина.
Цу документана тIе куьг таIийра ГIура-беттан 31-чу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Карлаяьккхинчу Оьрсийчоьнан къоман кхерамазаллин стратегина тIехь аьлла ду коьртачу кхерамех цхьаъ бу НАТО шоръяр аьлла.
Цул сов, Кремлна хетарехь, Малхбузенан позици ю интергарацин процессашна новкъарло яр а, гIоьртина хьал долу меттигаш кхоллар а. Ткъа цу гIуллакхо вочу агIор Iаткъам бо Оьрсийчоьнан хьашташна аьлла хета и стратеги кхоьллинчу нахана. Лунгескус элира и дIахьедарш цхьа а бух боцуш ду аьлла.