ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

65 стаг вийна Либехь Злитан-гIалахь


Лаххара а 65 стаг вийна Либехь Злитан олучу гIалахь, ондда эккхийтар а дина. Иккхинарг ю чу тратил а диллина кечйина хилла полисхоша тренинг йон центрана хьалха хIоттийна хилла киралелон машен. Цкъачунна и тIелатар шена тIелаьцна стаг вац. Оццул луьра зулам дина дацара цу махкахь 2011-чу шарахь Каддафи Муамаран режим йоьхчахьана.

Либера хьал вуно чолхе лаьтташ ду. Цунах пайда а эцна, «Исламан пачхьалкх» олучу тобан декъашхоша дIалаьцна Сирт-гIала. И нах хIинца тIелетарш деш бу мехкадаьтта доккхучу аренашна. Малхбузера пачхьалкхаш маслаIат дайта гIерташ ю Либерчу политикан ницкъашка, уьш цхьаьна дуьхьалбовлийта «Исламан пачхьалкх» тобанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG