ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТехIран лууш яц Гергарчу Малхбалера хьал кхин а чолхе даккха


ТехIранан Iалашо яц Гергарчу Малхбалера хьал кхин а чолхе даккха гIертар аьлла, дIахьедар дина ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Зариф Джавадис. Цу хьокъехь леррина кехат яздина цо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарлан секретаре Пан Ги Муне.

Цу тIехь министро бехке йина Саудийн Iаьрбийн пачхьалкх цу регионерчу Йеменера шиIаташ болчу гIаттамхошца-хуситашца цхьа а бахьана доцу тIом беш болчу экстремисташна гIортор ярна.

ГIажарийчоьнан а, Саудийн пачхьалкхан а юкъаметтигаш телхина саудийн Iедалша кхел а йина вевзаш волу шиIатийн дешна стаг шейх Нимра ал-Нимра вийначул тIаьхьа. Цул тIаьхьа ГIажарийчоьно дош делла шаьш Нимра верна бекхам бийр бу аьлла. ТехIранехь а, кхин йолчу а гIажаройн гIаланашкахь хилла Саудийн пачхьалкхан дуьхьал хьажийна акцеш.

Цул тIаьхьа Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхо а, кхин а цхьамогIа пачхьалкхаша а дIахедийна шайн ГIажарийчоьнца йолу дипломатийн юкъаметтигаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG