ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дипломатийн дийцарш дуьйладелла Исламабадехь


Исламабадехь оршотдийнахь дуьйладелла Пакистанан, ОвхIанистанан, Iамеркан, Китайн дипломатийн дийцарш ОвхIанистанерчу машаран а, тIалибашца бартлахаран а хьокъехь. Дийцаршкахь дакъалоцуш ву ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Карзай Хьекмат, Пакистаннан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Чаудхри Iайзаз, Iамеркан а, Китайн а лаккхарчу даржашкара векалш а.

Кхеташонехь бац тIалибаш. Дийцарш долош Пакистаннан премьер-министро Сартай Iазиза дIахьедира, бараман коьрта Iалашо тIалибаш Iедалца машар хила тарлучух тешор ду, аьлла. «КхидIа Iедаллий, тIалибашший бертан кхамелашка кхачо Iалашо ю хIоттийначу бараман» - аьлла бертан къамелашка веъначу Iедалан кабинетан ден Iабдулла Iабдуллин векало Фейсал Жавада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG