ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан ницкъийн инфраструктура кепеялон дагахь ю Оьрсийчоь


Малхбузенца лаьттачу дозанашка керла тIеман ницкъаш узу ша, аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьно. Церан могIарахь хир ду зарратан стратегин эскарийн пхи дакъа а. Зарратан герз дуьззина тIеман хьелашка хIоттийна хир ду оцу дакъошкахь.

Шинарийдийнахь хаамбинчу тIеман министра Шойгу Сергейс бохура, Оьрсийчоьно кепеялон еза шен зарратан ницкъийн инфраструктура. «Зарратан герзан потенциал чIагIъяр, стигалх доладар коьрта Iалашо хила еза вайн», - аьлла Шойгус, РИО "Керланаш" агенталло бечу хаамца.

Ишшта цо дIахьедина, Оьрсийчоьнан хIора тIеман гоно гайта еза кхушара шен корматалла, аьлла. ТIеман Iамораш эскаршкахь жигарадохур ду бохург ду иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG