ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалца юкъаметтиг Iалашъяр я адамийн бакъонаш?


Нохчийчохь демократин маршонаш яцарца бакъоларъечу юкъараллин белхаш дIалекънехь а, адамийн бакъонийн хьокъехь кест-кеста вистхуьлуш хаало Нухажиев Нурди.

Социалан зIенехула, интернет машанехь Оьрсийчоьнан пачхьалкх йохо а, Нохчийчуьра Iедал юьхькIаме, бIаьрла ца гайта а Iалашонца леррина дIахьуш хаамийн тохар-тIелетарш ду боху Iедалан бIарIуналлехь адамийн бакъонаш ларьечу урхаллин хьаькамо Нухажиев Нурдис.

Вуьшта аьлча, информацин-хаамийн экстремизм. Цу хьокъехь цо дIахьедар дина цхьацца юкъараллин дахаран жигархошца а, хIайттархошца дIадехьначу цхьаьнакхетарехь. Кхиберш боцуш цигахь дакъалаьцна мехкан профсоюзан Кхеташонан коьртехь волчу Солтагерев Хьусайна а.

Цу гуламо дика гайтина лору цхьаболчу тергамхоша хIара хаттар вуно чIогIа бух болуш хилар. ХIун ду мехала нохчийн омбудсмена, Iедалца юкъаметтиг ларьяр я адамийн бакъонаш? Цунна бакъонан, нийсонан гIаролхочо кхачо йоллуш жоп делла аьлла хета шен къамелехь.

Нухажиевс «кхоа ца йо» ур-аттал, оппозици хьокъехь хьажам гIарбаьккхина Iедалдай бакъ ца беш, царна Iоттар еш, уьш «нисбеш», дош аьлла, Москвара шен хьаькам Памфилова Элла а.

«Билгалдаккха догIу, адамийн бакъонашларьян векал винчунна низамо доьхкуш политика юкъагIертар. Иза Iедалца девне вийла а ца вогIу. Шен бакъонаш талхийна аьлла федералан омбудсменна тIе арз дохьуш стаг веъча и ша ду. ТIаккха Панфилова а меттахъяла еза, низамхойн а сагатдала деза.

Нагахь и бакъонаш Нохчийчоьнан вахархочун талхийнехь, со а вер ву орцах». Ишта къамел хазийна Нухажиевс цу цхьаьнакхетарехь.

Жимма а хьекъалехь верг дуьхье кхиа а тарлуш, Нухажиевс боху ша а, шен урхалла а махкахь бакъонаш ларьяйтарехь, йоккхачу самонца гIароллехь ду. Кху тIаьхьарчу хенахь хаамийн гIирсашкахула Iиттарш еш, куьйгалхой бехбарца, сийсазбан гIерташ, меттигера хьал кIоршаме гойтуш ницкъаш бу карзахе хьийзаш боху Нухажиевс.

«Цхьаболчу наха нийса ца кхетадо дешан маршо, хаамийн бакъо хила еза бохург. Вай кхета деза, дешан маршо бохург иза шена хетарг маьршша дIаала бакъо хиларал сов, юкъараллина хьалха жоьпалла хилар а. Дешан маршоно кхерам тийса ца беза къоман кхерамазаллина а, юкъараллин къепена а, гIиллакх-оьздангаллина а…»

Ишта хьажам-ойла Iораяьккхина бакъонашларьярхочо. Цуьнан къамелах кхиа воьлча хетало кхузахь хIуъу а дIаала а, шена хетарг кхечеран кхеле дилла а паргIато ю. И ишта цахилар го муьлхха вахархо а ахь къамеле ваьккхича. Цу хьокъехь дуьйцуш Новр кIоштера Рахьман.

Рахьман: «Прокуратурехь болчарна а,изза бакъонашларьярхошна а гучух тера да махкахь долу хьал. Iедалехь болчара тIе кIажа а теIош, хьоьшуш ю адамийн бакъонаш. Еккъа цхьана машенашца цара лелориг тоьур ду.

Доьхка тесна дацахь,лампанаш лато хьо вицвеллехь машен схьа а йоккхий дIаюьгу. Цул тIаьхьа токхамаш ца бича схьа а ца ло. КIоршаме низамаш талхош делахь а массо а дIа Iад Iаш ву. И ца гуш бу уьш? Бац. Балхахь я кхечанхьа хьайна хетарг ала маьрша дац. Тухий балхара а дIавоккху…»

Цхьаммо дийца а ца оьшуш Нохчийчохь шена хетарг гIардаккха мел маьрша делахь а дацахь а хаийтаран масалш кIезиг ца тергалло социалан машанехь а.

ХIора дийнахь эзарниш нахана гуш дерг ган а, хезаш дерг хаза а охIла хуьлчух тера дац Нухажиев.

XS
SM
MD
LG