ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

80 мигрант араваккха дагахь Швеци


2015-чу шарахь шайн пачхьалкхе веана 80 эзар гергга мухIажир махках ваккха дагахь ду Швецин Iедалш. Цу нахана тховкъело яла реза цахилла уьш. Цунах лаьцна дIахьедар дина Швецин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Йгеман Андерса. Цо бинчу хаамца, махкахбаха кечбинчу мигрантийн терахь ду 60 эзар сов стаг. Амма и терахь хьаладала мега 80 эзаре кхаччалц. Берриг а Швецин бахархойн терахь дац 10 миллион стаг гергга бен.

Цундела кхеташ ду цу махка баьхкинчу мигрантийн терахь вуно доккха хилар, Европерчу кхечу пачхьалкхашца дуьстича. 2015-чу шарахь Швецино тIеэцна 160 эзар мигрант а, мухIажир а. ТIебаьхкинарш бу дукхачу хьолахь ОвхIанистанера а, Пакистанера а, Иракъера а, Шемара а. Швеце гIертачу нехан терахь хаъала лахдела цу пачхьалкхан Iедалша мигранташкара тIехь сурташ а долуш кехаташ деха долийначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG