Хьонка шаьш боккхий ца буу Нохчийчуьрчу бахархойн доккхахчу декъо - оьцу базаршкахь. Хьонке а лелаш, доьзал хене боккхучу дайшна, наношна, доьзалхошна вуно хала а ду "хьонкийн сом" чукхачо. Шайн тишачу транспортца нах хьонке лелочийн шайн ю такса. Баккхинчара, шайна тIе а вогIий, юхабухкучунна бораха дIало къиза балийца шаьш дийнахь гулбина мохь. Хьонкийн бизнес лаьттар яц кхидIа баттахь а. Бумматхой а, гонахарчу ярташкара нах а кестта бевр бу кхушарлерчу хьонкех напха гулдина.Цкъачунна юкъалелачу эцархоша 110-120 сом ло кийланах, ша базарахь 210-220 соьмах бухку.
Нахана - хьогамна, пекъаршна - напха
Бумматна гонахарчу лаьмнашка нах хьонке ца лоьлуьйтура дахначу шерашкахь. Кхушара и бакъо, кехатца чIагIйой лахь а, елла баккхийбе хьонка а бухкуш хене бовлу бахархой. Маршо Радион фотокорреспондента бовзуьйту хьонке лелачийн да хьоьгур воцу некъ. Кху шарахь карладоху оха даханчу шарахь шун тидаме дехкина суьрташ.
![Нагахь санна, хьо хьонка бохка Iалашонца араваьллехь, хьан кисанахь хила еза ишта бакъо-кехат.](https://gdb.rferl.org/0de04158-9fa9-43f3-ac29-bb926fd5ba9d_w1024_q10_s.jpg)
1
Нагахь санна, хьо хьонка бохка Iалашонца араваьллехь, хьан кисанахь хила еза ишта бакъо-кехат.
![Сай-бодий къастале арабовлу юьртахь хьонке боьлхурш.](https://gdb.rferl.org/5669dd96-5c21-4110-8fd4-1ab4c97a4f1f_w1024_q10_s.jpg)
2
Сай-бодий къастале арабовлу юьртахь хьонке боьлхурш.
![Эвлайистехь вошахкхета хьонке боьлхурш.](https://gdb.rferl.org/fddd93c4-2af6-46a6-b476-3802f27f3c19_w1024_q10_s.jpg)
3
Эвлайистехь вошахкхета хьонке боьлхурш.
![Яккхий машенаш бен ца яхало хьуьнан кIоргене.](https://gdb.rferl.org/7e3cc7bc-8229-4045-864f-f04f3b7e71c6_w1024_q10_s.jpg)
4
Яккхий машенаш бен ца яхало хьуьнан кIоргене.