ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алиев ГIапур. Мичахь бу питанчаш?


Алиев ГIапур

Питанчаш

Мичахь бу неIалтхой,
Яхь къуьйсу сардамхой?
Самукъадолий шун?
ГIаддахна Iаш дуй шу?

Мичахь бу питанчаш,
Са аьрта гIийбатхой?
Шун лаам тIебели,
Шун луур тхох дели...

Барт-машар хьарамбеш
Юьртана, махкана.
Синкхетам самбалар
Хьарамдеш халкъана,

Же-яма! же-яма!
Кхайкхаде неIалташ!
Даржаде питанаш!
ДIадохка сардамаш!

Маршонах догдоккхуш,
Сийсазде гIазоташ!
ТIехтоха, Iоттар е,
Яржае харцонаш...

Шун дегнийн Iаржалло
Iаржйина аренаш.
Чим хилла, овкъаршлахь
Iохкуш ю ярташ.

ДIахьовса, схьахьовса!
Гой шуна цIийн лараш?
Доь дайнарш, хIу дайнарш,
Ден дакъа такхийнарш...

Мар вийна, кIант вийна,
СабIарза хевшинарш,
Керт яйна, кхерч байна,
КIур байна бисинарш...

Орцане мохь бохуш,
Сахаьдда хьийзаш берш,
Чохь баха нах боцуш
Йисина хIусамаш...

Бомбанийн гIовгIано
Iадийна адамаш,
Декъашка марзделла,
ЖIаьлеша лелош дерш...

Де дайна, гIаддайна,
Нохчаша мел лайнарш,
Къанбелчу бIаьргашца
Берашна мел дайнарш...

Садолуш, бIаьхочо
Дитина весеташ,
Аганаш дагадеш,
Ехкина алунаш...

Дагийна, дайъинчу
Адамийн даьIахкаш,
Доьзалех хIу дойуш
Бисинчийн ойланаш...

Акхачу арданго
Яржийна къизаллаш,
Iаьржачу балано
Къежбина кегий нах...

Берашна таIзар дан
ХIиттийна тангIалкхаш,
Адамийн цIийх буьзна,
Хьерабевлла чалтанчаш...

Кешнаша дIалаьцна
Хьашт мел ду аренаш,
Iадийна, цецъевлла,
Севцина заманаш...

Шун лаам тIебели,
Шун луур тхох дели.
Шун дагна хьаам беш
Хиламаш а хила.

Тхан лаам тIеболуш,
СапаргIат къам долуш,
Цхьа зама йогIур ю
Тхан дагна хьаам беш.

Тхан лаам тIеболуш,
МостагIел Къам тоьлуш,
Цхьа зама йогIур ю
Тхан дагна хьаам беш!..

Алиев ГIапур (1949 шеран 2 январь2011 шеран 16 март, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика) — нохчийн поэт, бард, драматург, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культуран Сийлахь гӀуллакххо, Оьрсийчоьнан яздархойн Кхеташонан декъашхо, Оьрсийчоьнан журналистийн Кхеташонан декъашхо, Оьрсийчоьнан театран гӀуллакхойн Кхеташонан декъашхо.

XS
SM
MD
LG