ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхело нохчашца боьзна сацамаш тIеэцна


Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело ши сацам тIеэцна нохчашца боьзна. 2000-чу шарера 2002-чу шарралц йолчу юкъанна Нохчийчохь 6 стаг доьзавар ду Страсбурго теллинарг. Сацаман фрагментех цхьаъ ю Iалхан-Юьртаний, Соьлж-ГIаланий юкъарчу новкъахь, БухIан-Юьртарчу блок-постехь саццорах, шен машенахь хилла Дениев Ислам варах.

РогIера фрагмент ю 2002-чу шеран аьхка Хан-ГIалахь техник болх беш хилла Бабуев Мума варах. ТIемаш бен дакъош лаьттачу, ша а болхбечу Хан-ГIала алапа схьаэца ваххарх, кхин оцу чуьра ара а ца ваьлла Бабуев, хууш дац цунах хилларг, я толлуш а дац Оьрсийчуьрчу кхелаша.

Шен чуьра Гихтара вигина вайъина Кагерманов Руслан оьрсаша 2002-чу шеран Iай. Дениевн, Бабуевн, Кагермановн гергарчарна Страсбургерчу кхело Оьрсийчоь декхарейина 370 эзар евро гергга ахча дала

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG