14 стаг лаьцна Москох-кIоштахь, Исламан пачхьалкх олучу тобанан декъашхошна харц документаш кечдеш хилла аьлла шеко йлуш. Iедалан векалша чIагIдарехь, и нах цхьа дакъа хилла дуьненаюкъарчу зуламхойн тобанан.
Цара оьшу кехаташ кечдеш хилла Шемахь, ДАIИШ тобанах дIа а кхетта, тIамехь дакъалаца луучу Оьрсийчура а, кхин йолчу Советан пачхьалкхна юкъахь хиллачу республикашкара а бахархошна. Оцу наха, цул сов, документаш кечдеш хилла Оьрсийчохь теракташ ян хьежош болчу тIемалошна а.
Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо лоьхуш бу и документаш карахь долу нах.