ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Велла дIаваллалц лаьттар болу лазам бу махкахдахар"


Нохчийн къоман депортаци Iедалдайша юкъараллехь хьахор магош дацахь а, могIарера нах, цхьамма омра дича санна, жигара хьийза махкахь кху деношкахь сагIанаш дохуш мискачарна, гIийлачарна, шайн беллачарна тIера.

Къаноша даре дарца, нохчашна цкъа а дицлур дац советан Iедало къам дохийна хIоттийна къематде.

«Боьхна,Iадийча санна бисира нах. ХIусамашкара арабаха болийра нах. Цхьанхьара-м яьхкина урамашна юккъе дIахIиттира «студебеккарш» олу яккхий машенаш. Царна тIедуттуш дара адам. Нахера схьа а йохуш, кхуьссуш, юхаоьхуьйтура галеш, юргIанаш, гIайбеш.

Iаьнан шийлачу, тIуьначу хIаваэхь маьхьарий,белхарш,жIаьлийн угIар, бежнийн Iехар... Цхьа тайпа аьтто, дан амал доцуш хIума дара ламанхошна тIеIоттаделларг.

Машенаш юьртаха араевлла йовлаза яра салташа маьждиган момсар оьккхуьйтуш….» Къематан де ду-кх, къематан де!»- хезара баккхийчаьргара. Маьлхастахь юьртахь мел верг вийна охьавиллина бохуш, хезаш хабарш дара…

ТIеоьхура керла салазаш. Зударий, бераш, баккхийнаш, цомгашниш… Цхьана жимачу кIентан карахь шурула кIайн Iахар бара…Шегара и Iахар дIаозийча велха хIуттура кIант….карара схьа а баьккхина, ластийна лайлахула дIабахийтира и Iахар салтичо. Воьлхуш хьаьвзина кIант нанас куьг а лаьцна чувигира.

ГIовгIанаш, белхар, хьожа, бода- дерриге а вовшахъийнера божал чохь…»

Нохчийн къам дохадарх ялийна и кийсаг Нунуев Сайд-Хьамзата «Йилбазан оьмар» романан тIера «Хьайбаха» декъан юкъара ю. Исбаьхьаллин ирта цхьа дакъа хиларна дукха дестийна, басар дина дийцина хета а тарло цхьаболчарна, хьал ца хIуъчарна, салташа гайтина, доза доцу къизалла.

Амма шайн бIаьргашца и эрчонаш гинчара доьза йойу цу хьокъехь мел йолу шеконаш. Оццу салтийн къизаллех, вайнаха лайначу Iазапех дуьйцуш ву Теркйист кIоштера къано Гизуев Хьусайн.

Гизуев: «1944-чу шарахь, Чиллан- беттан 23-чу дийнахь, ишколе воьдучуьра юха а верзийна, кога мачаш ца юхуьйтуш, гоьллелц догIучу лайлахула, велха а воьлхуш дена тIаьхьахIоьттина воьду со, чехавора «ма велха, мостагIчуьнан муцIар», бохуш, тIехьахула цхьамза а Iуьттуш, дIавигира со адам гулдечу метте.

Суна хаза нехан санна лазаме де ду иза, со дийна мел ву цкъа а суна дицлур доцуш.»

Маршо Радио: Дохийна шу, хийра махка дIадигна шу. Хьуна гергахь уггар хала хан муьлха яра шуна?

Гизуев: «Оцу арадаьхначу дийнахь дуьйна 1950-гIа шо тIекхаччлц йолу хан яр-кх. Хьалакхалла хIума йоцуш, тIетаса я когадоха хIума доцуш, етта а етташ, балха лелош, тIедуха хIума дац аьлча, «и тхан бала бац» олура.

Новкъахь дIадуьгуш дийнахь-бусий цкъа дIайоьллура неI. Охьабиссинарш, оцу лекхачу вагона тIе хьала ца валавелча,топ а тухий охьавуьллура, цуьнан дакъа циггахь Iилла дуьсура… Вагонна тIехь садаьлларг а цIерпошт сецча лайтIе а охьакхуссура. Царах хилларг а ца хаьа…»

Маршо Радио: Хеназа,хенал хьалха баларш дукха хиларий те Казахстанехь?

Гизуев: «Дера хуьлура! Ваккха а воккхий, хьо дIавуьгура, юьртара бахархой бита а буьтий. «Шу спецпереселенцаш ду, шуна тIехь ду омра кхочушдар» олий, стерчий а дужий,миччара яй а бежнашна хьалха кхосса хIума ян олий хьо дIавохуьйтура, мел чIогIа шийла хиларх, хьокхуш дарц хиларх.

Хийла меттиг йогIура, ишта багIанаш юхабахка некъ ца карош милла белла. Веллачун тIе хьаькам кхачна олург хIун дара «кхоам бу-кх кху хьайбанийн» олура, гIормийна велла стаг ган а ца гора».

Маршо Радио: Хьо дахарехь зеделла, халонашкахь вахчавелла стаг ву. ХIинца Iедалан балхахь цIеххьана цхьаъ нисделла ларамаза велла стаг. Ахчанца я дашца нехан дог оьцуш, аьтто беш меттиг йогIурий Iедало?

Гизуев: «Ахь дуьйцург баьIаш диинчо а дуьйцур дац. И велларг дIаволла-м ца вахийтора Iедало. «ДIавало, дIавало балха!»- бохуш, чеха-м вора, балха дIалоьхкуш…»

Дохийна къам Сибрех дахийтарх, баларш хьесапе ца оьцуш, Советан Iедало, тIехь эрадоккхуш, 13 шарахь нохчашка Iазапехь хан такхийтарх дийцина 82 шо долу къано Гизуев Хьусайн тешна ву вайнаха цкъа а дицдан йиш йоцчех ду махках дахар аьлла.

Цул сов Гизуев тешна ву къомана хиллачу эшаме хьаьжча, Iедало бина харц тIеIаткъам бахьнехь, сабIарздина хьийзор, хеназа нах байар доцуш, нохчашна хилла даккхий зенаш а, къоман сийсазйина цIе меттахIотто а Оьрсийчоьнан Iедало кхачо йоллуш дина хIумма а дац аьлла.

XS
SM
MD
LG