Украинан Iедало ша бехктакхам айбина махкарчу масех Оьрсийчоьнан банкийн филиалашна тIелетарш динчарна, аьлла, дIахьедина. Пачхьалкхера Янукович Викторан режим эккхийна ши шо кхачарна лерина гIаланашкахь хIиттина гуламаш болчу юкъанна нисделла Киевехь, Львовхь, Мариуполехь и зуламаш дар.
КIиранан сарахь ягийна Сбербанкан ши филиал Львов гIалахь, ягочух дуьсина шишанаш а кхуьйсуш. ЦIе тесна буса Мариуполерчу Сбербанках а. Ткъа Киевехь гулбеллачара Сбербанкан а, Альфа-банкан а филиалашкара яьхьна, йохийна йийбар, гIирс.
Иштта чу тIулгаш кхийсина, чуьра гIирс а хIаллакхбеш, Украинехь вевзаш а, Донбассерчу сепаратисташкахьа ву аьлла хьахош а волчу бизнесхочун Ахметов Ринатан Киеверчу офиса чу.