ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малайзин кема дохийнарш кеста билгалбевр бу


Малайзия Аирлайнс кема дохор толлуш Голландин прокурораша бинчу белхан жамI Iорадаьккхина шайггара бохаман бухатIе кхуьуш схьайогIучу Беллингкаьт интернет тобано. 2014-чу шарахь аьхка Украинан стиглахь Донецкана генадоццуш чохь 300 гергга пассажир а волуш ХIолландера Малайзе доьду Эм-эН-17 кема ракетаца оьрсийн эскархоша чудожийна хиларх тоъал тоьшаллаш гулдина оцу тобано. Беллингкаьтан аьтто баьлла мехах массех оьрсийн эпсар леван.

Голландерчу прокурораша 100 эскархочунна тIекхаччалц къастийна Бук-ракета тоьхначийн го. Талламаш боьрзуче кхаьчна, хаамбарехь, кестта официалехь бехк тIебахьа тарло Голландино куьгбехкечарна.

XS
SM
MD
LG