Къатарерчу офхIанхойн-тIалибийн офисо ша Кабулерчу Iедалца бертан дийцарш долор ду, нагахь санна массо а арахьара махка даьхкина лаьтта эскарш арадовлахь, аьлла дIахьедина. Оцу офисан векало Наим Мохьаммада Маршо Радион Кабулерчу сервисна интервью луш бакъдира, тIебогIучу беттан хьалхарчу кIиранах еа пачхьалкхо дакъа а лоцуш, дийцарш дуьйлалуш хилар. ОвхIанистанан, Пакистанан, Китайн, Iамеркан Штатийн векалш вовшахкхийтира бертан дийцаршна хьелаш кечдеш кхаарийдийнахь Кабулехь.
Амма Къатарерчу тIалибийн офисо шен векалш хилла бац оцу цхьаьнакхетарехь, аьлла Маршо Радиога. ОфхIанистан арахьарчу эскарша йитарал совнаха, тIалибаша декхарейо агIонаш Къатарера офис официалехь тIечIагIъяр, цуьнгара бертхочун бакъо къобалъяр.
Иштта тIалибаша декхаребо бертахой шаьш Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино хIоттийначу дуьненаюкъарчу террорхойн тептара тIера дIадаха а, шайна дуьхьал яржаен пропаганда сацон а. Кабуло тергоне эцна тIалибаша доьху хьелаш, боху ГIани Ашрафан векалша.