ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьршаяккха Савченко!


Киев -- Савченко Надежда дIахецар доьхуш йоккха демонстраци хилла Киевехь. Заз. 8, 2016.

Оьрсаша лаьцна латтон Украинин эскархо Савченко Надежда къелхьараяккхаран штаб кхоьллина цу мехкан президенто Порошенко Петрос. Цо омра а делла, тоьлла Украинера лоьраш новкъабевлла Киевера Ростох кIошта.

Маршо Радион корреспонденто дийцарехь, украинин дипломатийн аьтто баьлла и лоьраш Савченкона тIекхачийтар хьокъехь Оьрсийчоьнан Iедалшца барт бан.

Савченкос мацалла хьоьгу 5-гIа де ду. Иза сихха маьршаяккха аьлла кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка Iамеркин вице-президенто Байден Джос а, Евробертан лидерша а, оьрсийн ПЕН-клубан декъашхоша а.

Савченко Надежда дIахецар доьхуш йоккха демонстраци хилла Киевехь. Цуьнан декъашхоша Оьрсийчоьнан векаллалан белхахошка петици дIаелла Путин Владимире Савченко маьршаяккхар доьхуш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG